ТIекхочийла долу линкаш

Стигалкъекъа-беттан Хьалхара де билгалдоккхуш ду дуьненахь


Дуккха а хIокху дуьнентIера пачхьалкхашкахь Стигалкъекъа беттан 1 де даздеш цхьанакхетарш дIахьуш ду. Европерчу пачхьалкхашкахь урамашкара дIахьедарийн коьрта маьIна ду, финансийн кризис бахьанехь дукха пачхьалкхашкахь бюджет кхоош йоху гIулчаш емалъяр.

Афинашкахь дIаяьхьна демонстрацеш цу пачхьалкхан белхалойн уггар а баккхийчу берташа вовшахтоьхна. ТIедогIучу кIиран дийнахь Грецехь парламентан харжамаш хир бу. Европан Барто а, Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондо а тIедиллинчу декхарца а догIуш, бюджет яцъяран гIулчашна гIортор йинчу партешна дуьхьала бара митингийн декъашхой.

Пачхьалкхан декхар жимдан гIерташ, социалан аьттонашна тIехь гатто хIоттийначу Испанехь а, Португалехь а ю митингаш.

Белхалойн берташ боцурш, Саркози Николян агIончий а бу Францехь митинг вовшахтухуш. ХIокху кIиран дийнахь президентан харжамийн шолгIа мур бу хир бу Францехь.

Ткъа Цхьанатоьхначу Штаташкахь шуьйра акцеш дIаяьхьа лерина бу «Уолл-стрит дIалаца» олучу боламан жигархой.
XS
SM
MD
LG