ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъахьовзамехь 27 стаг вийна Индехь


27 стаг вийна Индехь Мумбай-гIалана генадоццуш, некъахьовзам а хилла. Меттигерачу полицино бинчу хаамца, и нах цIа богIуш хилла, зуда ялийначу метте а бахана.

Ловзаргара богIу нах тIехь болу автобус йохар бахьана долуш сацийна хилла некъайистехь. Цунна тIе тоьхна чехка йогIуш йолу кирадIасалелон машен. 18 стаг лазийна ву.

Таллам дIахьуш, йоккхачу машенна урхалла деш хилла волу стаг дIалаьцна полицино.
XS
SM
MD
LG