ТIекхочийла долу линкаш

Евро 2012



Ша болу тидам Украинина тIебахийтина бу тахана. Оцу пачхьалкхехь дуьххьара йолалуш ю Евро 2012 футболан чемпионат. Нейдерландан а, Данин а командаш ловзур ю Соьлж-гIалара хенаца 4 даьлча, украинера Харьков гIалахь.

Германин а, Португалин а футболисташ цхьанакхетар бу Соьлж-гIаларчу хенаца 6 сахьт 45 минот яьлча, цу мехкан Львов гIалахь.

Германин а, Португалин а футбол-езархой шайн-шайн командаш тоьлур ю бохуш бу хIинцале.

ПIераскан дийнахь Полшехь йолаеллачу чемпионатехь уггар хьалха левзинчех яра Оьрсийчоьнан а, Чехин а гулбина вовшатоьхначу футболахловзархойн тобанаш. Полшерчу Вроцлавехь дIаяьхьначу матчехь Чехи ийшира, оьрсаша чу йиъ гол тоьхна. Чехаша цхьа гол тоьхна оьрсийн командина.
XS
SM
MD
LG