ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьнан зарратан программа йийцаре еш ю Москох


ГIажарийчоьнан зарратан программина хьажийна долу, шина денна лерина, дийцарш ду дIахьуш Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь Москох. Цигахь дакъалоцуш бу Британин а, Китайн а, Францин а, Германин а, Оьрсийчоьнан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а векалш а, ткъа иштта Евробертан арахьарчу политикехула йолу лаккхара векал Эштон Кэтрин а.

ГIажарийчоьнан делегацин коьртехь ву цу мехкан Лаккхарчу къоман кхерамазаллин кхеташонан секретар Джалили СаьIид. Кху дуьнентIера таро йолу пачхьалкхаш саготта ю ГIажарийчоь зарратан герз деш хила мега бохуш. Ткъа ГIажарийчоь лууш ю, дуьхьало еш стаг а воцуш, шен энергетикехула йолу зарратан программа кхочуш ян.

Дийцарш дIахьуш ду къевлинчу рожехь.
XS
SM
MD
LG