ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Несарахь лецначийн цΙерш яьхна полицино



Кхо де хьалха ГΙалгΙайчоьнан дозанца йолчу хΙирийн юьрта уллехь шаьш кхо тΙемало лаьцна аьлла хаам бира гΙалгΙайнний, хΙирийнний полисхоша. ХΙинца йовзийтина церан цΙерш. Цхьаъ ву, боху, Несарарчу гΙаттамхойн тобан хьалханча Аушев Ахьмадхан. Цуьнца лецнарш бу ткъе ялх-ялх шераш Мислауров Бешаррий, Дидигов Зураббий. ЦΙенойх хьовсуш лецначийн цΙахь карийна 10 кийла бомба а, оьккху молха а. И кхоъ бехке во махкахь тΙаьххьарчу хенахь динчу цхьамогΙа лелхаршна.
XS
SM
MD
LG