ТIекхочийла долу линкаш

Hermitage Capital юристан Магнитскийн низам дийцаре дира lамеркехь оьрсийн сенаторша


Hermitage Capital олучу инвестицийн фондан юрист Магнитский Сергей лацар низамехь дара, амма иза валаран бахьана, Москохарчу лаьцна нах латточу талламан изолятор чохь цунна нийса дарба ца лелор хилла аьлла Оьрсийчура сенаторша Цхьанатоьхначу Штаташкара сенаторшка, юрист валар къастош парламентан талламан хьалхара жамIаш довзуьйтуш.

«Магнитскийн низам» олу низам ду карарчу хенахь Iамеркан конгрессехь къастош. Цуьнца а догIуш, Магнитский валарна бехке лоручу кхузткъе итт оьрсийн стоьлан дена визанашца санкцеш кхайкхон а, церан банкашкара чоьташ гIорон а йиш ю.

Кардин Бенджамин куьйгаллехь а волуш, Iамеркан сенаторша къастон кховдийна ду и низам 2010-чу шарахь. Оццу хенахь, Кардин реза ца хилла оьрсийн Федерацин Кхеташонан декъашхой конгрессе баьхкича цаьрца цхьанакхета.
XS
SM
MD
LG