ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гонгадзе верна шеконехь верг



Италино 10 дийнахь сацам тΙеэца беза, ша цига веъанчохь дΙаьлаьцна украинахо Мельниченко Николай дΙало Киевн кара, я ша схьавеъанчу Ιаьмерка дΙавохуьйту, къастош.

Цхьа зама хьалха Украинан президент лаьттинчу Кучма Леонидан хана коьртехь Ιийна ву Мельниченко. ХΙетахь, 12 шо хьалха, шайн махкахь Ιедална критика еш лелла журналист Гонгадзе Георгий вуьйш, изий, Кучма Леониддий юьстаха ца хилла, аьлла хета таханлерчу Украинан прокуратурана. Оцу бахьаненна Интерполехула лаха кхайкхийна вара Цхьанатоьхначу Штаташкахь тхов-кΙело а йолуш веха Мельниченко Николай. Цуьнан адвоката бахарехь, Италера Неаполан кхел, дерриг а чоьте а эцна, кечбеш ю шен сацам.
XS
SM
MD
LG