ТIекхочийла долу линкаш

Осмаев Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал ю Страсбургера кхел


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам бина, Укринехь дIалаьцна волу Осмаев Адам Оьрсийчоьне дIавалар доьхкуш болу. Страсбургерчу кхело дехар дина Украинан инарлан прокуратуре а, юстицин министралле а, шаьш Осмаевн гIуллакх листина довллалц цунна экстрадици ма яхьара аьлла.

Нохчийн къомах волу жима стаг Осмаев Адам бехке веш ву Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна тIелатар дан дагахь хиларна.
XS
SM
MD
LG