ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашингтон дог даьлла ю Китайн а, Оьрсийчоьнан а позици бахьана долуш


Китайхь официалан визит дIахьуш ю Iамеркан Пачхьалкхан секретарь Клинтон ХIиллари. Кхаарин дийнахь иза Пекинехь цхьаьнакхийтира Китайн арахьарчу гIуллакхийн министарца Ян Цзечица.

Цул тIаьхьа, журналисташна хьалха йист хуьлуш, Клинтона дIахьедар дира, Вашингтон дог даьлла ю, Китай а, Оьрсийчоь а Асад Башаран режимана санкциш кхайкхорна дуьхьал хиларна аьлла.

Iамеркан Пачхьалкхан секретаро иштта хаам бира, Димашкъана тIеIаткъам бар Iалашонца, цхьацца некъаш лоьхуш бу дипломаташ аьлла. Шен агIора Ян Цзечис билгалдаьккхира Пекино гIортор еш хилар, дуьненаюкъараллан а, Iаьрбийн пачхьалкхийн Лиган а цIарах Шемахь леррина векал волчу БрахIими Лахдарна.
XS
SM
MD
LG