ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ιаьмеркана тΙелетта де



2001- чу шарахь, Нью-Йоркана динчу терроран тΙелатарехь велла 3000 стаг дагалоцуш ю Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ. Оцу шахьарахь дуьненаюкъара йохк-эцаран центр лаьттинчу меттехь шинарий дийнахь гергарчара ехира шайн беллачийн цΙерш. Кхин а 1000 стаг велла центран исбаьхьа-лекха ши гΙишло йоьхча хиллачу чевнех.

И тайпа церемони дΙаяьхьира Ιаьмеркахоша террорхойн кхин а ши кема иккхинчу Пентагонехь а, Пеньсильванерчу майданахь а. Тезетан барамашкахь дакъалецира президента Обама Барака а.
XS
SM
MD
LG