ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

5000 гектар цΙехьаерзийна Кадыровс



Нохчаша шайн а лоруш, гΙалгΙаша пайда оьцучу шина къоман республикан дозанерчу латтанех 5 эзар гектар аренаш Нохчийчоьнан долаллехь дΙачΙагΙйина Кадыров Рамзанан администрацис. Иштта хаам баржийна бахамаллин а, лаьттан а министралло. Доккхачу декъанна, юьйцу меттигаш ю Соьлжан къоштарчу Аьхкинчу-Борзенна а, Обарг-Юьртана а гонахарнаш. Нохчаша яьккхина и гΙулч муха туьду гΙалгΙайн агΙоно цкъачунна довзуьйтуш дац хаамийн гΙирсашкахь.
XS
SM
MD
LG