ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бейрутехь адамаш дайарна Либанерачу оппозицино бехке дина Шеман Iедалш


Шемарчу президентан Башар Асадан режимана дуьхьал болчу Либанерчу политикаша бехке йина Димашкъ, Бейрутехь эккхийтар дарна. И эккхийтар дар бахьана долуш вийна Либанан кхерамазаллин сервисийн лаккхарчу даржехь волу инарла Ал-Хьассан Виссам.

Шемара Iедалш бехке деш вист хилла Либанерчу друзойн юкъараллан гIантда Джумблат Валид а, цу мехкан премьер-министр хилла волу, оппозицин лидер Харири Саад а. Харирин да вер толлуш вара ПIераскан дийнахь вийна инарла Ал-Хьассан.

Верриг а цу эккхийтарехь вийнарг ву 8 стаг. Кхин а 80 гергга стаг чевнаш хилла ву. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхерамазаллин кхеташоно дIахьедар дина, Бейрутехь динарг терроран тIелатар ду аьлла. Иза чолхе емал дина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа.
XS
SM
MD
LG