ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь вийна тIемало Магомедов Гусейн


Оьрсийчура официала хаамашца Дагестанехь леррина дIаяьхьначу тIеман операцехь вийна тIемало Магомедов Гусейн. Москохарчу метро чохь шалгIа эккхийтар дарна бехке а лерина иза лехамашка ваьккхинера Iедалша.

Кхаарин буса Кадыркент олучу эвлана йистерчу хьуьнхахь дIаяьхьнера и леррина тIеман операци.

Къоман Антитерроран Комитетан хьесапехь, Магомедов Гусен тIаьххьара вара 2010-чу шарахь, Зазадоккхучу беттан 29-чу дийнахь Москохара "Парк культуры", "Лубянка" а метрон станцешкахь эккхийтар динчерийн декъехь.
ХIетахь метро чохь велира 39 стаг, 88-нна чевнаш йира.
XS
SM
MD
LG