ТIекхочийла долу линкаш

Украинина гIо дийр ду НАТО-но


Украиница лелочу юкъаметтигех доьзна хаттарш дийцаре деш бу Брюсселехь НАТО-на юкъайогIучу пачхьалкхийн тIеман министрш. И цхьанакхетар доладалале НАТО-н инарлан секретаро Расмуссен Андерса дIахьедар дира, Украини тIеман ницкъашна реформа а, модернизаци а ян программа тIеэца еза аьлла.

Цо дийцарехь, министрша дийцаре дийра ду, Украинехь демократи чIагIъяран а, низам коьрта хилийтаран а некъаш. Брюсселерчу цхьаьнакхетарехь иштта дуьйцур ду ОвхIанистанера НАТО-н эскарш арадаьхначул тIаьхьа цу пачхьалкхан
армина а, полицина а ахчанца гIо дар.
XS
SM
MD
LG