ТIекхочийла долу линкаш

Оскарш екъна Голливудо



Шарахь цкъа кинон говзанчашна луш хуьлу Голливудан лаккхара Оскар-совгΙаташ даларца и ламаст 85-злагΙа дΙадаьхьна Лос-Анжелесехь. Тоьлла филм ю аьлла къастийна жюрино ГΙажарийчохь лецна кхобу Ιаьмеркара закъалтхой бевдда кΙелхьарабовларх лаьцна йолу «Арго» филм. Номиници а йоьллуш, совгΙат оцу филмана дΙахазийра видеозΙенехула президентан Обама Баракан цΙийннанас Мишель Обамас.

Тоьлла режиссер а къастош, Оскар елла «Пинан Дахар» филм яьккхинчу Тайванерчу кинорежиссерна Ли Энгна. Спилберг Стивенсан «Линкольн» филмехь коьрта васт ловзийначу Ирландерчу актерна Дэй-Льюис Дэниэлна а кхаьчна Оскар, и тайпа совгΙат цо хΙинца кхозлагΙа даьккхина.
XS
SM
MD
LG