ТIекхочийла долу линкаш

ЛЕГО-ца ловзарш ловзо ца лаьа Австрерчу бусулба нахана


Легох йина Римера Колизей, 2012

Легох йина Римера Колизей, 2012

Берийн ловзоргаш-констукторш ен, цIеяххана йолу ЛЕГО фирмано даханчу шарахь арахецна йолу гIап, Истанбулерчу маьждигехь тера ю, иза бусулба динах кхардархамма дина хIума ду аьлла, оьгIаз баханера Австрера бусулба нах. ХIинца ЛЕГО фирмин куьйгалла къера хилла шайгара даьллачу гIалатна.


Австрерчу бусулба нехан Кхеташоно дахана шо довш оьгIазе дIахьедар динера, Европехь рогIера бусулба динна гома гIулч яьккхина евзаш йолчу фирмано, аьлла. Бахьана – доллучу дуьнентIехь а берашна вуно дукхаеза конструкторш еш йолчу ЛЕГО фирмано арахецна хилла керла гIап гаррехь Истанбулерачу цIеяхханчу Айя София цIе лелош долчу маьждигах тардеш дина хилар а, иза иштта Бейрутерчу Джамма аль-Къабира маьждигах тера хилар а дара.

Амма иза хилла а ца Iаш, ЛЕГО фирмин говзанчаша, шаьш „Седарчийн тIемаш“ филмийн рогIана леринчу шайн ловзоргийн серехь Iаьржачу ницкъийн векал волу, карахь диг а, масатоп а йолу хехо ламазна кхойкхучу имамах тарвеш винера. „Седарчийн тIемаш“ филм чуьра Джабба цIе йолу персонаж и волчуха кхоьллина волчу цу имамах терачу стеган амалш юьйцуш, ЛЕГО фирмано шайн сайт тIехь яздинера, цул совнаха, иза кальян юзуш а ву, нах бойъуш а ву, аьлла.

Германи - Волфсбург-гlалахь легох 7-метр деха хин-кема деш дакъа лоцуш ву и стаг, 18Гlа2009

Германи - Волфсбург-гlалахь легох 7-метр деха хин-кема деш дакъа лоцуш ву и стаг, 18Гlа2009

И дерриге а Iаьткъинчу Австрерачу бусулбачийн юкъаралло сихонца сацаде и ловзоргаш арахецар, сацийна а ца Iаш, бусулбанарчаьрга шайна къинтIера довлар а деха, аьлла, кхайкхам бинера, вуьшта шаьш кхеле девр ду, аьлла.

Цу юкъаралло иштта ЛЕГО фирма бехке йинера, расизман хьежамаш кегийчу берашна юккъехь баржош хиларна. Цу хиламан хьалхара тIулг карчийнарг вара Венин цхьа могIарера вахархо, шен кIант, винчу денца иза декъал веш, гергарчу наха елла йолу ЛЕГО-гIап кIирвелла тергалйина волчу. Иза меттигерачу бусулбачийн юкъаралле а, туркойн культурин кхерче а ваьллера ша бинчу тергамца.

Туркойн культуран кхерчан инарла секретарь йолчу Гюнес Мелиссас и цуьнан латкъам тIаккха официалан тIегIанна тIе баьккхинера.
Ала догIу, ЛЕГО кампанин куьйгалло цкъа хьалха дацаре дора, шаьш кхоьллина гIап бусулба маьждигех тардеш дина ду я шайн ловзоргех уггаре а сийдоцучарех волу персонаж имамах тарвеш вина ву бохург. Цара бусулбачарна шайн ловзорге гIап маьждигах тардалар – иза ларамаза нисделла бохуш чIагIдора.

Бакъду, кху деношкахь Венерачу туркойн юкъараллин куьйгаллийца а, ткъа иштта Австрин бусулбачеран Кхеташонан юристашца а цхьанакхетар шен хиллачул тIаьхьа ЛЕГОн куьйгаллийн векалша дIахьедар дина, „Седарчийн тIемаш“ сери юккъера гIап 2014 шарахь дуьйна кхин арахоьцур доцуш сацам бина шаьш, аьлла.
XS
SM
MD
LG