ТIекхочийла долу линкаш

Къудс гIалара Аль-Акса маьждигана тIехула гуттар дов лаьтта Израилна, Урдунна юкъахь


Къудсера Аль-Акхса маьждиг

Къудсера Аль-Акхса маьждиг

Урдунера ХIашимайт паччахьаш гуттар бусулбанан динехь еза йолу Палестинера Къуьдс гIала а, цигахь долу Аль-Акса маьждигана шаьш дола дан а хьалхара хетта бу. Амма Израилан карахь иза хиларо къовсам латтабо гуттар Урдунна а Израилна юкъахь

Урдунан Паччахь Абдалла ШолгIаниг Къудсера Бусулбанан дуьххьаралера къилба, Акъса Маьждиган верас ву аьлла дIахьедар дича, Жуьгтийн эскаро Бусулбанаш маьждиган чу ца буьтуш хIума лелийна.

ХIокхy 2013 шеран Стигалкъекъа беттан 7-чу дийнахь Къудусан Бусулбанан кхеташоно Урдунан Паччахьан, Абдалла ШалгIачуьанан, Палистийнера Акъса Маьждиган дола дара тIекаре доьхкуш сацам арахийцира.

ШолгIачу дийнахь, цу сацамах цабаша, цуьнан реза ца хилар гойтуш Жуьгтийн эскар Маьждиган уьйтIа чуьхьа а даьлла нахе ламаза ца дойтуш лаьтта.
Иза новкъ деана, Урдунан парламенто Амман гIалар Жуьгтийн векал экхавара кхоже диллича, 80 парламент векало къобал бира и сацам.


Палестина - Палестинахой бу Аль-Акхса маьждигана арахьа мархийн баттахь ламазаш деш, 20Мар2010

Палестина - Палестинахой бу Аль-Акхса маьждигана арахьа мархийн баттахь ламазаш деш, 20Мар2010

Стигалкъекъа беттан 9-чу дийнахь, Амман гIалахь, Израилан векалаллин хьалха хIиттина лаьттира Урдунера бахарой Жуьгтийн векаллега Урдунера аравала бохуш.

Стигалкъекъа беттан 11-чу дийнахь СаIудера Ал-Шаркъ олу газето ара хийцира, Урдунан Паччахьо, Израило и Iиттарш саца ца ехь, Урдунан эскаре саца яийтира ю ша аьлла. И хабар Урдунан цхьаллига цхьана официал зорбанан хьостанаш тIечIагIа ца дира.

Ал-Шаркъо бахарехь, Паччахь Абдаллан жуьгтийн эскар Акъса маьждиган уьйтIа хецара шайна дуьхьал дича санна хета ша Къудсенан верас ву аьлла дIахьедар дина шолгIачу дийнахь.

Урдунан паччахьо иза аьлла хила тарло бохуш дуьйцу тергамхоша, хIуна иза паччахьан нисса дуьхьал хIума ду, Урдунан махкан я Iедална дуьхьал доцуш. Иза хIунда дац Урдунан Iедална Дуьхьал аьлча, цу сацамо Паччахь ша пайхамаран тIаьхьех ву аьлла верас веш ву, Урдунан Iедалин официал цхьа а гIуллакх доцуш. ХIокхул хьалха а Израило шаьш палестинхошна Палестина меттан Урдунан мохк дIабала гIерта аьлча паччахь Абдаллас элира.

Паччахь Абдалла ШолгIаниг: "Суна цкъа а ца хезна Малхбузера президенташ я Iамеркан президенташ, Клинтона а, Буша а, Обамас ишта къамел деш я Урдунан кханенна тIеIаткъам бийр бу бохуш. Со цец волу Iамеркаш соьга и дехха бохуш хабарш даьржича.

Со тIаьххьара Iамеркера цIавеъча соьга Обамас иза аьлла бохуш эладитанаш дара махкахь. И хилла ма дац. И хабарш даьржорш жуьгтий хила мега. Вай теша сихло. Ас паргIат боху шуьга, Палестинин мохк муха хIотто вай долчохь, вайгахь чIогIа эскар ма ду. Цул сов, вайн Израилац массоза тIом ма бина. Сагатдан ца деза вай. Ишта хабар дуьйцург саца ван веза вай. Суна къонахой оьшу, ишта хабарш дуьйцурш ца оьшу."

Иза дара Урдунан паччахьо аьллирг, Урдунан махкана кхерамаш туьйсучарна дIахаийта. Паччахьо тIаьххьара аьлла дош «Суна къонахой оьшу, ишта хабарш дуьйцурш ца оьшу» Урдунера нохчий дика кхеташ дош ду. Урдунан эскарехь уггар хала хенашкахь Нохчийн инарлаш доккха дакъа лаьцна мохк Iалаш беш.
XS
SM
MD
LG