ТIекхочийла долу линкаш

Пошта бен йоцуш лелайо Оьрсийчохь


Оьрсийчоь -- "Почта России", Новгород кlоштара Красней Станки эвлара поштан офис, 15Чил2008

Оьрсийчоь -- "Почта России", Новгород кlоштара Красней Станки эвлара поштан офис, 15Чил2008

Оьрсийчохь тIаьххьара яьккхинчех видео ю пошта чохь дIасхьа лелон гIутакхаш лаьттах кхуьйсуш, поштин белхахоша бала боцуш лелорх лаьцна. Цу тайпа видео яьккхина Новосибирскера коьрта аьчкан некъан станцехь.

Оьрсийчохь машенашна чохь дIахIиттийничу видеокамерашна тIе дIаязбина, некъашкахь хуьлу бохамаш, YouTube сайта тIехь сенсаци тайппа хIума ю. (кхузахь масалшка хьажа: http://www.rferl.org/content/dash-cams-russia-fighting-corruption-and-scams-car-crashes/24780355.html) кхузахь а: http://www.rferl.org/content/russia-tank-highway-video/24885770.html)

Оьрсийчохь керла яьккхинчу видеон кхин маьIна ду. Оцу видео тIехь гуш ду, Новосибирскера коьртачу аьчкан некъан станцехь, цIерпоштан вагон яссочу белхахоша бала боцуш кехаташ чохь долу гIутакхаш охьакхьуйсуш.

И видео Мангал беттан 17-чу дийнахь яьккхина ю. Нийсса шина дийнахь цуьнга 46 000-зза хьаьжнера.




YouTube тIехь шен чот йолчу Оьрсийчоьнан Поштано а дIахьедар дина и видео хьокъехь.
Видеона бухахь язъйинчу комментана тIехь цо яздина, ша цу хаттарца дерг къастор ду. Билгалдоккхур ду видео яьккхинчу денца, цIерпошт муьлханиг бу а, цуьнан долахо мила ву, тIехь Оьрсийчоьнан Поштан хьаьрк йоцу вагон муьлханиг ю а. Комментана тIехь, иштта, билгалдаьккхина, пошта чохь долу гIутакхаш боккъалла а церан компанин ду я, кхечу фирмин ду а, къастор долуш хилар.

Новосибирскера аьчкан некъан станци, Оьрсийчура уггар яккхийчех ю. Транссибиран магистралан новкъахь йолу маьIне социйла а ю иза, 30 000 йиъкIов метр йоккха а йолуш.

Оцу кепара видеош кхин а каро йиш ю онлайн. ХIара саннарш: (https://www.youtube.com/watch?v=MReC1XqwJrQ)

(Тидам бе, поштин цIерпоштан бос къаьсташ бу, Оьрсийчоьнан Официала Поштин промо тIехь гойтучух)

https://www.youtube.com/watch?v=7kU5tTXWK50

Дукха хан йоццуш, Life News агенталло хаам бинера, кехаташ а, дIасакхоьхьуьйту ларчанаш а карийнера Липецкан кIоштан эвлан йистерчу цхьана ор чохь, бохуш.
Оьрсийн Официала Поштин векало дIахьедар дира, и гIуллакх, поштин белхан кхачамбацаршца доьзна дац, поштин цIерпоштина, талор дан Iалашонца, бевзаш боцчара динчу тIелатаран жамIах тера ду, аьлла.

http://lifenews.ru/news/113891

Схьагарехь, оьрсийн пошта а, ерриг Оьрсийчоьнан пачхьалкхан системех терра болх беш ю. Ма-дарра аьлча, кхачамбацаршца. Дерриг дуьненахь болх беш йолу тайп-тайпана пачхьалкхийн поштийн системанаш къовсаелла ю сиха а, дика а болх барехь. Керла хIуманаш юкъадоху нахана кехат я тесна ларча дIакхачаярехь. Интернетехь цо бечу некъана тIехьажа йиш ю дIатесначуьнан иза каракхаччалц.

Норвеге дIаваханчу нохчийн мухIажарх ву Магнум Якобсон. Шена болх лаха араваьллачу дийнахь карийра цунна поштехь мукъаяьлла меттиг. Болх аттачех бац, амма, ша ханна воккха хиларна а, цу балхахь геннара говзаллаш Iамон езаш ца хиларна а, цо хазахетарца караийцира.

Якобсон: "ЦIахь со уллехь ца хилла оцу балхана. Кхуза схьакхаьчча цхьа болх бан ма беза. Со гуттар болх бинаа ву. Со схьавеана 3 бутт баьллера. Эцца, сан болх лаха беза аса аьлла, араваьллера со. Кхин мотт ца хаара. Юха, тхан гергачу зудчо газета тIехь карийна шена поштехь белхахо оьшу бу хаам, аьлла, ишта карийра суна иза. И болх бовза-м ца бовзара суна. Делахь а, ца хуург Iамор ду сайна аьлла, балха вахара."

Къилбаседехь йолчу Норвегехь шийла а, догIанаш а хиларе терра, пошта дIасакхоьхьуш шена товш болу некъ лаха беза. Иза къастийна нохчочо.

Якобсон: "Со машенца лела. Долахь цIенош долчу меттигехь аса вилспет лелайо."

Оьрсийн а, Норвегийн а поштин системан башхаллех лаьцна дийцахьара аьлча, Якобсон Магнума элира

Якобсон: "Ахьа хьайн болх нийса а, шен хенахь бичхьана, кхин хьоьгара хIумма ца оьшу.
Ахьа шен хенахь пошта дIа ца йохьий, царна йоккха трагеди ю-кх.
Кхузахь белхахочуьнга ларам бу. Хьаькам ца вешаш ца лела. Иза ишта лелахь, балхара дIавоккхур ву. Оьрсийчохь иза хIун ду а ца хаьа."

(Аудио тIехь юьззинчу версега ладогIа)

Поштин хан тIехъяьлла, къаьсттина, интернет юкъаяьллачул тIаьхьа бохуш дийца долийнера дуккха а пачхьалкхашкахь. Амма, дахаро гойту, вайн поштин яьшканаш чохь карадо кехаташ а, уьш дохьуш богIу поштхой а боцуш Iойла йоций. Дахаран дукха агIонаш ю, поштех йозуш.
XS
SM
MD
LG