ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIахь ма-дийццара, аьхна дац Германерчу мухIажирийн хьал


Германи -- Немцойн а, Европан бертан а байракхаш, 03ГIу2012
Германи -- Немцойн а, Европан бертан а байракхаш, 03ГIу2012

Германе вайнехан мухIажирш дукха схьагулбалар бахьана долуш немцойн коьртачу шахьаре Берлине кхин нохчий чу ца бита сацам бина меттигерчу Iедало. Амма нохчий эзарнашкахь схьаоьхуш бу кхин дIа а.

Абдурзакова Iайшатин кхоллам эзарнаш кхечу нохчийн мухIажарийн кхолламех тера бу доккхачу декъехь, цхьацца кIезга-мезга деталашкахь бен къаьсташ боцуш.

Шен хIусамда мацах цкъа оьрсийн эскаршна дуьхьал тIамехь дакъалоцуш хилла хиларна, Iедалех Нохчийчохь кхин яха ца хIуттуш, едда, Малхбузе сехьаяьлла иза шен доьзалца цхьаьна. Ткъа Малхбузе схьаоьхучу вайнаха юхьаралоцург тIаьхьарчу хенахь уггаре а хьалха Германи хиларна, Iайшат Берлинехь йоьссира.

Масех бутт баьлла хIетахь дуьйна. Я кехаташ а схьа ца делла цунна цу юкъана, немцойн махкахь йисса бакъо луш долу. Я уьш маца лур ду а ца хаьа, я даллане а лур дуй а. Сатийсамашца еха иза а, цуьнан доьзал а. Цкъа мацца а, я кесталгIа, я эххар а бохуш.

Шаьш схьадаьхкинчул тIаьхьа а, шайла меллаъ хьалха а Германе сехьабийлина вайнах, Iедалера омранаш а хуьлуш, арабийхаран теш хуьлу иза кест-кеста. Кхера а кхоьру, и саннарг шена а тIекхачарх.

Шаьш Германехь доккхучу дела-денех лаьцна Iайшата дуьйцу.

Абдурзакова Iайшат: “Тхоьца цкъачунна кхин хIуммаъ ца аьлла, Iедало кехаташ толлуш ду, ладоьгIуш Iаш ду-кх тхо, Даламукълахь цхьа дикадерг хир дац теша, бохуш. Амма суна кхузахь схьагуш долу сурт а, кхузахь дуьйцуг гондахьа хезаш дерг а муха ду хьуна аьлча, Польшера схьабаьхкинарш а, кхечу Европерчу меттишакара схьабаьхкинарш а массо а цига дIа юха хьовсош бу кхара, шаьш схьабаьхкинчу.

Со Польшехула ца еана, машенаца йоггIушехь кхуза схьаяр нисделла сан. Цундела цкъачунна соьга хIуммаъ ца аьлла кхара. Ши-кхо бутт бала мегаш ду кхин а, уьш тхна кехаташ теллина бовлале. Хуур ду-кх“.

Германе схьакхаччалца шайна хезнарг а, схьакхаьчначул тIаьхьа шайна гинарг а ши тайп-тайпана сурт ду, бохуш, дуьйцу Iайшата. Нагахь санна цIахь ша йолчу хенахь, Германе хьалхехьуо дIабаханчу шен бовза-безарша а, ткъа иштта шаьш цу махка шорттачу мехах дIакхетон юккъехIоьттичну фирмин белхахоша а шаьшна хьалха хIиттийнарг вуно хаза сурт хиллехь, схьакхаьчначул тIаьхьа шайна гуш дерг а, шаьш лелош дерг а кхин башха да воккха вен хIума дац боху масех баттахь хIусамдеций, кхаа бераций готтачу, цхьана чоьнах лаьттачу петарахь Iедалан чотех ехаш йолчу зудчо.

Абдурзакова Iайшат: “Вайнахана хIун моьттий, шаьшна цхьанхьа буьйса яккха меттиг а белча, шаьшна юург а елча, оцу сохьта шаьш ара а ца баьхча, шаьш тIелаьцна бевлла моьтту. Мацалла-м ма ца волийтий кхара, арахь а ца вуьту. ТIаккха кхузарчара „тхо дика тIелаьцна, схьадуьйла“, олий, олу цIерачаьрга. Юха уьш зенаш а деш, харжаш а еш, схьабогIу. Ткъа кхара, кху Iедало, жимма хан яьлча, дIа юха хьовсабо.

Зе ма дуй иза схьавеанчунна, кхузахь а меттиг ца хуьлу царна, цIерачунах а бовлу уьш. Иштта дIахьйизаш ду-кх вайн адам акха а а даьлла. Цкъа дIанислург хир ду-кх хIара, Даламукълахь. Ас цхьа хIума-м эр дара: цIера схьаваллалца кхузара сурт нахана ма-дарра ца хаьа. ЦIахь шан цIенош а духкий, машен йолчуо машен а юхкий, схьабогIу нах кхуза, цу юккъе лелачара а хаза дуьйцу, хIунда аьлча, цара шайна сайоккху цу нахана тIехь“.

ЦIера Германера схьабогIучарна цигара ма-дарра долу хьал девзаш делхьара, цара цкъа хьалха шортта ойла йийра яра, и некъ болон оьший те аьлла, тешна ю Iайшат. Нагахь санна, шайна цIахь Iедалера схьа цхьа а кхерам а бацахь, шайн цIахь Iойла а елахь, ша цхьанге а эр дацара, Германе я кхечу муьлхачу а махка дIавахар гIолехь ду, аьлла, бохуш, дуьйцу цуо.

Абдурзакова Iайшат: “ЦIахь Iен таро а йолуш, Iедало хьийзош а воцуш, шен нахана юккъехь Iаш болчу нахе ас-м эр дацара, дIагIуо, аьлла. Сайга хаьттича, ца ваьлла воьлуш войцург ас вохийтар вацара дIа. Вай санна, эзарнаш нах бу кхузахь кхечу къаьмнийн а мухIажарш бевлла, схьабаьхкина, Африкера а, Шемара а. Цундела хьо схьаенчу дийнахь ара ца воккху кхара, хьан кехаташ талла хьоьга рагI кхачале беттанашкахь хан йолу. Амма цул тIаьхьа аравоккху, боккъал а Iедалера кхерам болуш веана стаг вацахь. ТIаккха зе ма хуьлу цу стагана, тешнабехк а ма хуьлу цунна“.

Абдурзакова Iайшат хьалхарниг я тIаьххьарниг яц, кху тIаьхьарчу пхийттех шарахь мухIажаран къаьхьа некъ юхьаралаьцна, махках яьлларг. Схьахетарехь, иштта дуьхьара яц иза ша арабаьккхинчу некъах догмовла яьлларг а.

ХIетте а лах ца ло, Европе схьаоьхучу вайнехан рагI. Нохчийчохь а, йоллучу Оьрсийчохь а адаман дахар а, сий а, бакъонаш а ларар дIанисдаллалца, халахеташ делахь а, и рагI лахлур йолчух тера а дац.
XS
SM
MD
LG