ТIекхочийла долу линкаш

Президентан дарж къовсучу ОвхIан-пачхьалкхера кандидаташа шайн программа йовзийтина


ОвхIан-пачхьалкх – Azadi Radio а, ОвхIанан Къоман радионо дебаташ дIаяьхьира, 16 Чилла 2014

ОвхIан-пачхьалкх – Azadi Radio а, ОвхIанан Къоман радионо дебаташ дIаяьхьира, 16 Чилла 2014

Оханан-беттан 5-чу дийнахь ОвхIан-пачхьалкхехь хир болчу президентан харжамашкахь дакъа лаца кечбеллачу кандитаташа шайн-шайн программа кечъйина, мехкан коьрта проблемаш ерзорна тIехьажийна.


ОвхIанехь хIокху бIаьстенан Оханан-беттан 5-чу дийнахь дIахьур болчу президентан харжамашкахь дакъа лаца дагахь волчу веа кандидато даханчу шоьтан дийнахь юкъараллина йовзийтира, хаттарийн шуьйрачу гонан хьокъехь шайна хетарг – тIалибашца дагадовларш дIадахьарна тIера, зударийн бакъонаш кхочушъяларна тIекхаччалц.

Депутат хиллачу Султанзой Дауда дош делира, пачхьалкхан лакхаяккха Iалашонца тIалибашца дагадовларш дIахьур ду аьлла.

Султанзой: «ТIеман хIонс санна Боннера конференцехь масех тобано екънера ОвхIан-пачхьалкх. ОвхIан-пачхьалкхан джихIад а, цуьнан къам а закъалтана лаьцнера. ХIокху пачхьалкхан керла хьажам билгалбоккхур бу вай. Кхеташ, цIена хьажам болу эвсара Iедал кхуллур ду. ОвхIан-пачхьалкхан къоман гIуллакхехь ду вай. ХIинцалерчу хьолах а, хIинцале, Iедалехь гIуллакх дина бевллачарах а лардийр ду вай вешан къам.»

Губернатор лаьттинчу Гуль Ага Шерзайс элира, машаре дагадовларш дIадахьа «бозуш боцчу къоман векалш – динан дай, Iилманчаш, хьекъалчаш, тайпанийн хьалханчаш а болу кхеташо кхолла еза.»

Шерзай: «Нагахь со президент хилахь, хIинццалц дIа ца дахьаделла машаре дагадовларш хилийта аса йозуш йоцу джирга (кхеташо) кхуллур яра. ОвхIан-пачхьалкхера тIалибашца машаре дагадовларш дадахьа дикачех гIирс хила беза вайн. Оцу хьокъехь Пакистанца дипломатан новкъахь къахьега а деза. Аса чоьхьарчу тIалибашца къамел дийр ду, масала, ХIератехь, КандахIарехь, Джелалабадехь, мехкан кхечу маьIIехь а. Пакистанца а доттагIаллин къамел дийр ду аса, овхIанхойн гIуллакх буха а ца дуьтуш. Аса машар бохьур бу, ИншаАллахI!»

Кандидаташа иштта дийцаре дира, овхIанан эскарехь барт язбина шайн лаамехь гIуллакх деш дерш хир бу-бац бохург а. ТIеман министр хиллачу Iабдул рахьим Вардака элира, эйина кеп лелон а мегар ду, амма шайн лаамехь эскарехь гIуллакх дан лууш берш тIеэцаран кеп а йита еза, аьлла.

Вардак: «Барт язбина тIеман гIуллакх даран шортта са йолуш агIонаш ю. Цунах кIезиг ахча долу. ОвхIан пачхьалкхан цкъа а ца хилла, тахана долчух тера Iамийна, говза эскар. Къовса хьакъ долу бух бу цуьнан, аса цунна тоьшаллаш а далор ду. Цуьнан кхачамбацарш дIададьхчхьана, овхIан-пачхьалкхан ларъян мел болу аьттонаш хир бу цуьнан.»

Зударийн хаттарна тIебевлча, массо а кандидаташ реза хилира, церан бакъонаш ларъйина хила еза бохучунна. Амма иза муха дан деза бохучунна тIехь галмарзахаллаш яра. Хьиз-и-ислами фракцин векало Хилала бахарехь, шарIан низамаш бохучу гуранахь йиса еза зуда.

Хилал: «Зуда дика лор, дика хьехархо, дикачех инженер а хуьлу, цуьнга политикехь дакъа а лацало. Зудчух министрийн хIусаман дакъа а хилало цуьнгахь долчу хьуьнаршка хьаьжжина. Юкъараллехь бакъонаш хила еза зудчуьн, амма къера хила еза, исламо доьхкучунна.»

Массо кандидат реза хилира, коррупцица къийсам латторна тIе тидам бахийта а.
ОвхIан-пачхьалкхера президентан кандидаташна дебаташ дIаяхьа ОвхIан-пачхьалкхан RTA телевизионо а, Кабулера Маршо радионан ОвхIанан сервисан телевизионо а билгалъдаьккхинчу шина дийнахь вистхилира виъ кандидат. КIиран дийнахь кехчу кандидатийн а аьтто бира, шайн программа йовзийта.
XS
SM
MD
LG