ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн а, гIалгIайн а къам дохор дагалоьцуш цхьаьнакхетарш дIадаьхьира Европера вайнаха


Белги - Къам дохор билгалдоккхуш Брюсселехь гулбеллера нохчий а, царах дог лозурш а, 23Чил2014

Белги - Къам дохор билгалдоккхуш Брюсселехь гулбеллера нохчий а, царах дог лозурш а, 23Чил2014

1944-чу шарахь къам, дохийна, махкахдахар адамийн эсара дайина, дIадаккха оьрсийн Iедал а, церан гIоьнчаш а гIертарх, амма и бохам биц ца бо нохчаша, шаьш миччахь бехахь а. Европехь кху деношкахь массо а аьлча санна яккхийчу шахаьаршкахь дагалийцира цигарчу вайнаха вай дIадохор а, цу бохамо вайнахе кхачийна хилла Iазап а.

„Кху лаьттахь къемат де хила йиш елахь, иза цу чиллан баттахь а, цунна тIаьхьа баьхкинчу беттанашкахь а, шерашкахь а нохчашка хIоьттинарг дара ала мегар ду“, - иштта дийцира Венерчу цхьана хьешийн цIийнан йоккхачу совчоьнах вай дIадохор дагалаца гулбеллачу меттигерачу нохчашка Яха цIе йолчу йоккхачу стага. Депортаци йечу деношкахь кхиазхо хилла йолчу цуо шен бIаьргашна гинарг а, ша а, шена гуонахьа хиллачара а лайнарг а дийцира.

Дукха адам дара шота дийнахь Венерчу цу кхерчахь гулделла. Зударий, бераш, доьзалийн дай. Къаной а, гIеметтахIоьттинарш а, кегирхой а. ТIаьхьарчу шерашкахь цхьанна а нохчийн юкъарчу цхьаьнакхетаршка ца гулделлачу кепара. Хетарехь и 70 хьалха вайнахах Iоттабелла бохам хIора а чохь садолчу нохчочух Iоттабелла хилла хиларна хила мега иза, позици я оппозици а ца лоруш, ичкерихой я имаратхой, тIарикъатхой я салафиш, я кхин муьлха а нохчашлахь кху тIаьхьарчу шерашкахь даьржина долу декъадаларш а доцуш. Иза, и хIетахьлера бохам, массера а юкъара бохам хилар а.

И цхьанакхетар вовшаштоьхначех ву Венехь вехаш волу нохчийн юкъараллин жигархо Амин. Цуо дийцира Маршо радионе, дукха наха дакъалецира и суьйре кечйеш, бохуш, нохчаша лаьцна а ца Iаш, иштта вайн къомаца гергарло лелочу меттигерачу австрихоша а, бохуш.

Амин: „Вайн къам цIерадаккхарх дерг хуучарна диц ца далийта, ца хуучарна хаийта а, берашна а и иза довзийта – и Iалашо яра-кх тхан коьрта Iалашо. Нохчийн маттахь махках дахарх а, махках лаьцна а, маршонах лаьцна байташ йийшира кхузахь, дIадохор лаьцна эшарш а лийкхира. Вай дIадохорах лаьцна фильмаш а гайтира. Дуккхаъ хьеший бара баьхкина, меттиггера нах а, вайнах а, шайна юккъехь Iилманчаш а болуш“.

Гулбеллачарна дукха а аудиовизуалан материалаш гайтира къам дIадохарах лаьцна. Иштта дийкъира нохчийн къоман а, пачхьалкхан а символика тIехь йолу а, дIадохоран терахьаш тIехь долу а совгIаташ.


Венера нохчийн бераш къам дохорна леринчу гуламехь, Вена, 23Чил2014

Венера нохчийн бераш къам дохорна леринчу гуламехь, Вена, 23Чил2014

Ткъа и цхьанакхетаралла дIадерзош меттигерачу нохчийн берашна дийкъира Ичкерин паспорташ. Тайсумов Амина дуьйцу.

Амин: „Программин коьрта дакъа дара нохчийн пачхьалкхан паспорташ дIасадалар. Царна уьш довзийта а, хаийта а, шайн пачхьалкхе а, цу пачхьалкхан паспорташ а дуйла, церан цуьнга безам хилийта а. Берашна дийкъира оха уьш. Кхин дуккхаъ нах бар уьш шайний-шайний деза бохуш, уьш мичахь ду бохуш хоьттуш. Дезачарна уьш долуш ду, мохк а вайн болуш бу, пачхьалкхе а вай йичахьана хир ю. Хаза цхьа де догIур ду, Даламукълахь, и вайн мохк маьрша а баьлла, маьрша ваха а, ван а вайн йиш а йолуш. ЦIаваха а, ваха а, вала вайн маршо йолуш“.

Цхьана Венехь хилла ца Iа нохчийн диаспорин векалш вайн къоман иэсан уггаре а лазаме агIонаш дагалаца гулбелла. Белгехь кху мукъаденошкахь цхьа могIа цхьанакхетарш дIадаьхьира нохчийн юкъараллин жигархоша а, дозанал арахьарчу Ичкерин-пачхьалкхан векалша а. Вевзаш волу нохчийн юкъараллин жигархо Исханов Хьусейн вара Брюсселерчу гуламе вахана. Цуо дуьйцу:

Исханов Хьусейн: „Чиллан беттан 22-чохь гулам хилира Брюсселехь. Цигахь дакъалоцуш вайн пачхьалкхан векалш а бара, сийджолу консулаш а бара, дуккхаъ хьеший а бара, тайп-тайпанарчу пачхьалкхашкара. Иштта цигахь кхоьллира кху Европехь бехачу нохчийн къанойн кхеташо, цхьа вуо-дика хилча, вайн юккъера хIума къасто векал бина болчу. ШозлагIчу дийнахь Брюсселерчу майданахь митинг дIаяьхьира, вайн къам махках дахар дагалоцуш. Дуккха а политикаш бара цигахь, меттигера нах а бара.“

Данерчу КопенхIагенехь а гулбеллера цу махкахь бехаш болу нохчий оьрсийн векалтан хьалха. Цара карладаьккхира, бIешерашкахь оьрсийн пачхьалкхено нохчашна тIехь ечу харцонан а, бечу колониала тIемийн а цхьа дакъа Сталинан заманчохь вайн къам дIадохор хилла хилар а, ткъа вайн заманахьлера тIемаш цу политикан тIаьхье хилар а.

Иштта Канадерчу Торонтохь а, Парижехь а, Берлинехь а, Краковехь а дIадаьхьира цигарчу вайнаха а, меттигерачу бахархоша а къам дохоран де дагалацарш, беллачарна сагIанаш а дохуш, доIанаш а деш.
XS
SM
MD
LG