ТIекхочийла долу линкаш

Макашов Алберт - иттанашкахь шерашкахь лехна, амма хила ца тигна ваша


Оьрсийчоь - Оьрсийчоьнан ДУМАн депутат хилла волу Макашов Алберт, 21Сти1991, Москох

Оьрсийчоь - Оьрсийчоьнан ДУМАн депутат хилла волу Макашов Алберт, 21Сти1991, Москох

Махках бахаро боккха Iаткъам бина нохчашна массо агIора. Дуккха а доьзалш, хIинца а ловш бу цуьнан тIахьалонаш. 54 шарахь лехна хиллачу шен вешица, Оьрсийчохь вевзаш хиллачу политикца Макашов Альбертаца хиллачу цхьанакхетарах лаьцна дийцина СаьIидбека, Маршо радионан корреспонденте Султанов Ахьмаде.

ЦIерадахаро, массо а агIора тохар дина нохчашна. Шай амалехь, дахаран халонашна къера ца хуьлуш, лайна нохчаша муьлха а баланаш. Дукхачеран хIинца а дакъдаланза ду бIаьрхиш. ХIоранне, шен дагчохь лаьтташ бу и бохамаш. Церан дагалецамашка а атта дац ладогIа кегийчарна.

Хууш ма хиллара, иттанаш эзарнаш адамаш доьххьарлерачу шерашкахь делла, шаьш дуьгучу дIакхаьчча. ТIера баккхий берш дIабоьвлча, церан бераш, Iедалша, шен дола доккхуш хилла. Дийцарехь, оцу хенахь, Казахстанера а, ГIиргIазчуьра а берийн цIенош, хьалдуьзнера нохчех а, гIалгIайх а. Боберийн хала дахара дIатакха цхьаболчеран дезна, кхиберш, шай гергарчара схьа а лохий, шайн доьзалах схьатоьхна.

Ведана кIоштера Хорачуьра вахархочуьнна Махашев СаьIидбекан а, цуьнан вешан а, йишийн а дахар а нисделла иштта. ТIера да а, нана а делла аьлла, кхулла жимах волу ваша а, йиша а берийн цIийне дIадигнера. 5 шо даьлча йиша карийна цунна, амма, ваша-50 шо даьлчий бен мичахь ву а ца хиъна. Цуьнан ваш ву Оьрсийчохь воьвзуш волу политик-инарла Макашов Альберт. Нанас дена вина шен ваша вуьйцуш Махашев СаьIидбекан, легашка къурдаш хIуьтту.

Махашев СаьIидбек: «1998 шарахь со вахана иза волчу. Цуо тIе а ийцира со. Берийн цIийне дIавуьгуш, иза Махашев Асланбек вара. ХIинца, таханлерачу дийнахь, Макашов Альберт Михайлович бохуш волу инарла-полковник ву. Иза таханлерачу дийнахь, суна тIе схьа ца гIерта. Цуо соьга аьлла, ша ма хьеве, ша хьуна тIегIорталца. Иштта, къамел а хилла дIаскъаьстина тхойших 1998 шарахь. Иза лохуш къахьеггера ас».

Макашов Альберт тахана пенсе а вахана, юккъерачу Оьрсийчохь вехаш ву. Наггахь, иза, политикан цхьацца программашка а кхойкху телехьожийлашкахь. I998 шарахь, иза Пачхьалкхан Думийн депутат хилла. ХIета, иза волчохь хьошалгIахь хилла Махашев СаIидбек.

Махашев СаьIидбек: «Сайн цхьа старгI яра сан йисина. Иза а йоьхкина вахара со иза волчу. 1998 шарахь, аьхка цуьнан кабинет чохь хилла ву со. Цуьнана секретарь а еана, цуо хьалвигира иза волчу. НеIарехь, суна доьхьала веана, оцу шен секретаре хаьттира цуо тера вуй тхойших аьлла. «Очень вы похожи друг на друга», элира оцу метишкано.

ТIаккха хазахетта, цо, стоьла юххе а вахана, коньяк а даьстина, шоколадан гIуттакх а даьстина, шина стакан чу иза доьттина, цхьанакхетарах дIамалий вайшиммо аьлла, кад айбира. Иза сайл ялх шо жима волун дела, нохчийн гIиллакхехь иза догIуш а доцийла а хууш, ас эли цуьнга, со молуш вац аьлла. Ас ца молу аьлча, макхвелла, хииан Iачу гIента тIехь аркъал вахара иза. ЙохьIаьржа хоьттира».

Цхьана сахьтехь, эха сахьтехь бен ца дахделла хилла, 54 шарахь вовшах ца гинчу шина вешийна цхьанкхетар. Цул тIаьхьа, кхин гина а вац и шиъ. ТIаьххьара дIасакъаьстачу хенахь, Макашов Альберта, дош даьккхина шен воккхохчу вешигара Махашев СаьIидбекера, ша тIегIорталца шеца уьйранаш цуо лоьхура яц аьлла.

Махашев СаIидбек: «Цхьана сохьтехь, эха сахьтехь Iийра тхойшиъ цуьнан кабинет чохь. Шен дин а дийцира, шира керстан дин лелош ву ша бохура. Ша гIалгIазкхи санна лоруш ву а элира. Кхин дIа, ас айса толлура ду, со хье ма ве, цо аьлла, ишшта дIасакъаьстина тхойшиъ. Цуо и аларна, таханлерачу дийнахь, цуьнан гIуллакх ца дохорхьам, Iаш ву со.

1938 шерера иза а ву, 1933 шерера со а ву. ХIинца, кхин дIайолчу заманна чохь, шен доьзалх а къастийна, тхойшинна эца марзо а яц. Дала аьтто бойла цуьнан. Бакъдерг дийцича, иза дIа а вигина, иза кхиинчу оцу оьрсийн зудчуьнна баркалла боху ас. Цуо цьунах стаг вина-кх…. Стаг вина аьлча а , халкъана а , махкана а, Iедална а, пайдехь а волуш стаг кхийна-кх цуо цуьнах.».

Эзарнаш бу ишттачу хьелашкахь байна нах, Сибрех дIабохийначохь. Цхьаберш, шаьш къомах муьлша бу а ца хууш, дIалела, елла йолу оьрсийн цIерашцана. Амма, цхьаболчеран, синтем ца хуьлу, шаьш схьадалар мичара ду хиъча, цIа бахка лууш. Масех шо хьалха ГIойтIахь дIаяьлла Нурсет цIе йолу йоккха стаг.

Иза, 50 шо даьлчий бен ца йирзина Нохчийчу. Жима йолчу хенахь, цIерадогIучу хенахь, иза ейна хилла новкъахь. Къена къанъяллалца Нюра цIе а йолуш Оьрсийчохь яхнера иза. Шен кIента йоIехула, къастийна ша нохчо хилар. Шен доьзал а, ша верг дIа а тесина, цуо шен дахаран тIаьххьара шераш ГIойтIахь даьккхина.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG