ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчу вахана Хейгел Чак


Гуьржийчу вахана мукъаденошна Iамеркан Штатийн тIеман министр Хейгел Чак. Украинера хьал дийцаре дечу Уэльсерчу НАТО-н саммитера ваьллачу цо Тбилисехь гуьржийн политикашца дийцаре дийр ду Иракъера а, Шемараа хьал. Гуьржийчоьнан тIеман министрца Аласания Ираклийца Хейгелан къамел хир ду кIирандийнахь.

Оцу визито гойту Iамерка Гуьржийчоьнехьа юйла, боху Рейтерс-агенталло. Аласанияс ша догдоху аьлла, Iамеркан Штаташа Гуьржийчоьнна, цуьнан кхерамзалла чIагIъеш а, цуьнан стигал Iалашъеш а гIодаре. НАТО-н декъашхо шена хила лаар Гуьржийчоьно дIакхайкхийра массех шо хьалха. НАТО-н эскаршкахь, ОвхIанистанехь тIемаш беш, велла 30 сов гуьржи.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG