ТIекхочийла долу линкаш

ТIемалошна гIо дина аьлла, ши стаг жоьпе озйина Нохчийчохь. Кестта царна кхел йийр ю. Цу шинна бехке диллинарг ду тIемалошна кхача эцар. Амма и тайпаниг хьул дар хьовха, ур-аттал интернетехь забарен йоза яздинарг а къайла валалур вац Нохчийчохь. Сема ду Iедалан "лергаш" бохуш, дуьйцу Султанов Ахьмада.

Грозный кIоштарчу кхелехь хIокху деношкахь листа долош ду Iалхан-гIаларчу шина вахархочуьнан гIуллакх. Цу шингара даьлла долу хIума таханлерчу заманахь кхин ца хиллал кIоршаме зулам лоруш ду Iедалша. И ши жима стаг бехке веш ву тIемалошна гIо дарна. Болчу хаамца, цу шиммо Котар-юртахь цхьана тIемалочуьнгара 10 эзар сом схьа а эцна, цунна тайп-тайпана сурсаташ эцна хилла цара.

Нохчийн ницкъаллин структураш жигара болх беш ю Iедалшна дуьхьал бу аьлла шайна хета нах гучубохуш. Бен дац, и нах я урамехь къамел дина хиллехь а, я интернетехь, кхин цIе а эцна, иза лелош хиллехь а. Айкхаллана ахча дилла а ца оьшу и санна болу нах гучубогIуш. Махкахь дуккха а бу къайлахь белхахой, лергаш а ирдина, мичахь, хIун олу теша бохуш лелаш. Мехка администраторо Кадыров Рамзана, ша а аьллера, цкъа меттигерачу телехьожийлехь вистхуьлуш, шен «лергаш» республикехь массо а меттехь ду аьлла.

Масех де хьалха низамхоша гучуяьккхинера Iедалш емал деш йолу цхьа жима зуда. Цуо интернетехула арз динера гIо доьхуш зударшна тIера хиджабаш дIайохIуш хIума лелош ду республикехь аьлла. Иза муха карийнера ца хаа, амма, цуьнан и дIахьедар гIардаьлла ши далале, иза гайтира юха а меттигерчу телехьожийлехь. Да-нана а, вежарий-шичой, девежарий а бара схьабалийна. Иза цомгуш ю аьлла мехкан куьйгалхочо цунна дарба деш йийр йолу харж шена тIеийцира аьлла, дуьцуш ду официалан Iедалан зорбан-сервисо.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG