ТIекхочийла долу линкаш

Хьаьжоша дуьйцу шайн некъах лаьцна


СаIуда Iаьрбийчоь --Мединехь

СаIуда Iаьрбийчоь --Мединехь

Цхьаццаболчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, кхушара ХьаьжцIа бахначу нохчашна тIехь шатайпа Iуналла латтийна СаIуда Iаьрбийн пачхьалкхо. Иза дозура стохка ХьаьжцIа ваханчуьра цIа ца воьрзуш, цхьа нохчо Шема тIаме вахарца. ХIинцца ХьаьжцIера юхавирзинчу масех нохчочуьнга хеттарш дира Маршо Радионо.

ХьаьжцIа бахана юхабаьхкинчу нохчех цхьаболучара дийцарехь, кхушара бухарчу Iедало къаьсттина сема тергоеш, луьрачу хьелашкахь кхаьбна Къилбаседа Кавказера нах. Хьаьжошна хетарехь, иза дозура стохка Макка, Медина веъна Шуьйтара 20 шо долу жима стаг, фарз кхочушдина ваьлча цIа а ца воьдуш, Шемарчу тIамтIе хIоттарца.

Шемахь Iедална тIамца дуьхьаллаьттачийн могIаршкахь хилла, дийцарехь, оцу кIентан шича а.

Бусулба стеган пхеа фарзах цхьаъ ду ХьаьжцIа вахар. Бусулба стеган а, зудчун а декхар ду шен дахарехь цкъа мукъана а хьаьж дар, нагахь санна могашалла а, ваха таро а елахь.

Амма кхушара мелла а лахбира СаIуда Iаьрбийн Хьаьждарна тIехьожучу хьукмато пачхьалкхашна луш йолчу квотин барам.

Нохчийчоьнан 2600 вахархочунна елира бакъо ХьажцIа ваха. Иза стохкачул цхьа эзар кIезиг барам бара. СаIудийн Iаьрбийн Хьаьждаран урхаллан тергонца, кхушара алссам тидам тIебахийтира Макка-Мединехь цкъа а хилла воцчуьнга фарз кхочушдайтарна.

Бутт хьалха, нах ХьаьжцIа баха новкъабовлучу муьрехь, къаьсттина хаалора СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалан луьралла, бохуш дуьцура зорбано.

Маршо Радион хеттаршна жоьпаш делира масситтаза ХьажцIахь хиллачу Соьлж-ГIалин вахархочо Аюбов Абубакара.

Цхьаболучара дийцарехь, хьаьжой цIабоьлхучу деношкахь къаьсттина хаалора Iедалан ницкъаша царна тIехь латтаен само. Массанхьа а бара белхан духарца а боцуш дIасахьийза полисхой.

Тобанийн куьйгалхошкахь хуьлура шайн паспорташ хьалха шерашкахь, амма кхушара кеманна тIе, шайн меттигашка охьаховшучу кхаьчча бен кара ца делира паспорташ, дуьйцу хьаьжоша.

Кхушара дуьххьара хььжцIа яхначу веданхочо Зубайраева Авлазис Маршо Радиога дийцара шен некъах лаьцна. Массанхьа даима а хуьлу раж лаьттара, кемантIе ховшуш паспорташка хьаьвсира шайн, амма кхечу кепара новкъарло шайна ца йира боху.

Кхунах тера

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG