ТIекхочийла долу линкаш

Нохчех доладар хьанна тIехь ду?


ГIалгIайчоь --Нохчийн мухIажирша мацалла лаьцна чохь баха кхерч боьхуш, Магас, 02Тов2013

ГIалгIайчоь --Нохчийн мухIажирша мацалла лаьцна чохь баха кхерч боьхуш, Магас, 02Тов2013

Дуьне ма-дду баьржина бехачу нохчашца меттигерчу Iедалша кест-кеста лелайо харцонаш.Уьш ларбеш бац даймохко а, я цхьана а пачхьалкхо а. Гуьржийчоьнан къайлахчу сервисо шен айкханча ван гIерташ хьийзаво Музаев Сайхан, масала. Амма вац цуьнан балаболуш цхьа а я Нохчийчохь а, я Оьрсийчохь а.

Дуьне ма-дду баьржина бехачу нохчашца кест-кеста лелайо меттигерчу Iедалша харцонаш. Дукха хьолехь церан букъ ларбеш я даймохк а, я цхьа а пачхьалкх а яцарна нисло иза. Гуьржийчоьнан къайлахчу сервисо шен айкханча ван гIерташ хьийзаво Музаев Сайхан, масала. Амма вац цуьнан балаболуш цхьа а я Нохчийчохь а, я Оьрсийчохь а.

Цуьнца дузу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, дозанал арахьа бехачу нохчашна гIортор еш хила дезий Нохчийчуьра Iедал? Хьенан бала кхача беза дозанал арахьа нохчашца лелаечу харцонийн?

Хетарг ала луучунна тхайн телефонаш йовзуьйту оха. Прагехь: +420 72 40 19 8 32.

Боцца горгали баийтинчул тIаьхьа тхаьш зIене а девр ду тхо.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG