ТIекхочийла долу линкаш

Талламча Краснов Игор даржехь лакхаваьккхина


Оьрсийчоьнан политик, оппозиционер Борис Немцов вер толлучу тобанан куьйгалхо Краснов Игор хийцина. Цуьнан метта ву Тутевич Николай, хаамбина бехкевечу Дадаев Зауран адвоката Цакаев Шамсуддина.

Немцов Борис вер толлучу тобанан куьйгалла динчу Краснов Игоре кхин, лакхара дарж ло аьлла, куьйгалхо хийцина, амма иза цо толлучу девна генавакхар ду аьлла хета адвокатна. Краснов Игор кхиаме талламча лоруш вара, цо, масала, яьстира массех шо хьалха адвокат Маркелов Станислав а, журналист Бабурова Анастасия а деран къайле.

XS
SM
MD
LG