ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчу эха марзабелла Европехь тховкIело йолуш беха вайнах. Шаьш дехачу меттигийн Iедалх хьул а деш, хьажа-хIотта боьлху уьш ДегIаста. Гергарчарех бIаьргтохар а, Европерчу шайн кхиамех дозалла дар а, жимма хийра мотт хаар гайтар а, - доцца аьлча, хаза садоIар хуьлу цунах...

Аьхке герга гIортарца долало Европерчу нохчийн ДегIаста дIай-схьай ихар. Бераш ишколера цIахецначул тIаьхьа-м хIетте а, рагI а йой, мини-автобусаш а, долара машенаш а хуьлу Европерчу некъашна тIехь Беларусин а, Украинин а агIор йоьлхуш, чохь йоьттина Малхбузера нохчи а болуш.

Цу цIаихаран низамца йолу я, мелхо а, низамца йоцу агIо леринчу къамелан тема ю, амма низам хьешар йистах а дитина, марзонийн тема хьалхаяьккхича, дийна шерашкахь бераш а, баккхийчара а сатийсина мур болало аьхка – генарчу Даймахка кхачар, гергарчех марзо эцар, жим-тIома бовзабечарна хьалха дозалла -хIума дар.

Берашна а, шаьшна а хийра меттанаш Iемина хилар гайтар – кхузахь хьахон догIу, нагахь санна кху лаьттарчу массо а къаьмнаша шаьш хийраллехь нисделча, шайна а, доьзалшна а ненан мотт дика хаарх, иза биц ца барх дозалла деш делахь, нохчаша, дукхахьолехь, нийса бIостанехьа долчух дозалла деш хилар – ненан маттал дикох хийра меттанаш шайн берашна хаарх.

ЦIабаханчарех юха масех де я кIира даьллачул тIаьхьа Европе юха шаьш бирзича, шайца бахьа ДегIастанах болу дагалецамаш, дуккхаъ а хаза сарташ дохьу, шайн гергарнаш, шаьш доцуш хьалакхиина бераш а, нохчийн Iалам, юхаметтахIоттийна гIала тIехь а йолуш. „Ва-а, ма хаза ду вайн цIахь!“, „Ва-а, гIалитIахь мел хаза ду!“, „Мел дика юхаметтахIоттийна вайн гIала!“ - иштта айдаре дешнашца дуьйцу царех цхьаболчара шайна гинарш.

Цара дуьйцу ДегIастанахь деш долу маьждигаш, цигарчу нехан бахамаш, „Массо а пенсеш а оьцуш Iаш ву-кх!“, „Вайдаха, массо а берехь а тIехь айфон ма ю цу цIахьболчаьргахь!“, „ЭхI, дIадовла, шен цIахь доцург дош дац шуна!“ - иштта дIа кхин а. Жоп доцуш дуьссу цу даккхийдерашна дуьхьал дала хьакъ долу цхьаъ бен доцу хаттар – цигахь сел хаза а, дика а хилча, и дуьненан елсмане а йитина, юха хIунда гIерта шу кху телхинчу, ирчачу, вуочу Европе боху хаттар. Амма иза а цхьа кхин лерина тема ю.

Харц хир дара ДегIастана а бахана, Европе юхабирзинчу вайнехан массо а синхьаамаш а айдаре бу аьлча. ХIан-хIа, иштта-м цатоме хIумнаш а кардо цхьаболчу нохчийн къомахчу европахошна Даймахкахь. Масала, сурсаташ цигахь деза хилар. „Жижиган киланах кхо бIе сом юьртарчу базарахь доьхийца, дера ца бохку уьш вайга жижиг даийта!“- бохуш цецйуьйлура хьастагIа 7 беран нана ша хилар бахьана долуш, мел кIезга 2000 евро деккъа берийн ахча оьцуш Австрехь ехаш йолу цхьа къона зуда.

Ткъа Нохчийчохь цхьана берана I20 сом, аьлча а, 2 евро оьцучара иза муха даа деза-те бохург церан шайн бехк болчуха а, ткъа ша Европехь дIатарйалар шен цхьа башха хьуьнар долчуха дуьйцура цуо.

Амма ала деза, и тайпа бахьана доцу сонталла йерш дукха бац аренца бехачаьрца. Мелхо а, боккхачу дегалазамца ДегIастанахь бисинчарна сагатдеш а, кадолучу кепара царна гIо дан гIерташ бу дукхахберш. ХьастагIа цIаяхьана схьаеанчу, масех шо хьалха Австрин пачхьалкхан олалла тIеэцначу Цакаева Хамсата Маршо Радионе боккхачу дегаIийжамца дийцира, шена цIахь гинчу суьртах лаьцна.

Цакаева: „Европехь тхуна-м Iедало гIо а дора, социал лой а, алапа лой а, болхбоцучийн ахча лой, ткъа цIерачара муха оьцу-те юург а, молург аьлла хийла ойла йо, цIаяхана, цигара хьал гича. Массо а хIума деза ду, нахана бан Iедалийн белхаш дац. Чохь баккхий нах а, бераш а ду, царна стом а, хастом а ма оьшу. Ткъа уьш вуно деза ду.

Цул совнаха, вайн, нохчийн, Iадат ма ду вуоне а, дикане а доьлхуш, теттина сурсаташ хьош, кила-ши кила а йоцуш, гIутакхашца ма оьцу вай уьш. Массо а дюьйцу хезна экзотикан стоьмаш ду гIаларчу базарахь, уьш ду хьошдерг, ткъа уьш мел деза ду эца. Европехь санна деза ду мехаш. Хьалха олура Кавказехь муьлха а стом а, дIайийнарг тIейолу, массо а хIума йорах ю олий. Иза дIадаьлла, суна-м башхо ца карийра кхузарчу а, цигарчу а мехийн. ВаллахI, къа-м хета цу нахах, таро йолчу агIор гIо дан а гIерта, аьтто белахь царна массарна а гIо дийр дара олий а хета“.

Бан а бу болхбацаро лаьцначу, къечарний, таронечарний юккъера харш дела денна кIарглучу ДегIастанахь дуккхаъчу сурсаташна мехаш Европехь чул лакхарох. Муьлхачу а немцойн а австрихойн а туькана вахча, дела дена оьшуш долу сурсаташ, шура я бепиг, дуга а, гарз а, даьтта а цхьана еврол кIезгох мах болуш кардо, алапаш цу мехкашкахь юкъарчу хьесапехь I500 – 2000 эзар евро долшехь. Ткъа юкъара алапа I0-I5 эзар сом, аьлча а 200 – 250 евро долчу Нохчийчохь оццу сурсатех я иштта я цул а лакхара мах хуьлу.

Цу хьелашкахь хене бовлучу нахана Iедалера хуьлуш цхьа а гIо дац, я Европехь санна лакхара болхбоцучеран ахча а, я берийн пособи а. Цхьаццаболчарна, аренца дIатарбелла гергар нах шайн болчарна, цаьргара юкъ-кара хуьлуш дерг бен.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG