ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьно шайн къам хIаллакдеш ду боху курдоша


Туркойчоьно шен дозанашкахь талораш дарна бекхам беш кеманашуа тохарш дира Шемин а, Иракъан а дозанашкахь куп тоьхна лаьттачу «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанашна а, курдойн Белха партин тIемалошна а. Шинарийдийнахь НАТО-н тIеман альянсан рогIера доцу цхьаьнакхетар хилла оцу хьолан хьокъехь.

Туркойн Iедалан дехарца гулбеллера Брюсселехь шинарийдийнахь НАТО –н тIеман альянсан векалш. Ша а цу альянсан мехала декъашхо йолчу Анкарас и дехар даран бахьана дара даханчу кIиранах 32 стаг вен а вуьйш, иттанашна чевнаш а еш туркойн Суруч гIалахь хилла терроран эккхийтар а, цул тIаьхьа туркойн урхалло луларчу Шемахь ша шех «Исламан пачхьалкх“ олучу террорхойн ДаIиш тобанан а, ткъа иштта курдойн а тIеман позицешна тIе бомбеш еттар.

НАТО тIеман альянсан чоьхьарчу низамашца, шен дозанийн дохон йиш ца хилар я къоман кхерамазалла хьашаран зил тIе кхаьчча аьлла хеташ йолу альянсан муьлха а декъашхочуо рогIера йоцучу консультацешна гулдаларе деха йиш ю. Къилбаседа атлантикан альянсан официала сайта тIехь билгалдаьккхина ду, карарчу хенахь и санна долу кхераме хьал Туркойчоьнна тIе хIоьттина хилар.

„Туркйончоьно цу цхьаьнакхетаре кхайкхина шен махкахь террорхойн тIелатарш бахьана долу кхолладелла хьал вуно кхераме хилар бахьана долуш а, ткъа иштта альянсера шен партнерашка ша цу хьокъехь яха лерина йолу гIулчаш йовзийтархьама а“, - аьлла яздина цу хаамехь, НАТО альянс Туркойчоьнан куьйгаллина белшашгIортош хилар билгал а доккхуш.

Ала догIу, Шемахь а, Иракъехь а тIемаш буьйлабелча дуьйна схьа а, ткъа иштта ДаIиш тобано шен зуламаш цу шина пачхьалкхехь лела дечу шина шарчохь а цигарчу хьолана юккъе ца гIуртуш Iара Анкарара Iедал. Шен дозанна уллохь лаьттачунна ша саготту хилар а, ткъа иштта Асад Башаран режим йожон езаш хиларх ша тешна хилар а Эрдоганан урхалло лечкъош дацахь а, хIетте а гаррехь я ДаIишна а, я Асадна дуьхьалчу тIемашкахь дакъа ца лоцура цуо.

Цул совнаха, иттанаш шерашкахь официала Туркойчоьнан а, Шемин а, Иракъин а долахь ларалуш долчу лаьттанех кийсакаш а яьхна, шайн пачхьалкхе кхолларехь къуьйсуш болчу курдойн тIеман а, политикан а жигаралла алсам яларо а гIайгIане еш яра и урхалла. ХIинца амма, Суруч гIалахь терроран эккхийтарш хиллачул тIаьхьа, ДаIишна а, курдойн позицешна а бекхамаш тIелатарш дина Туркойн куьйгалло.

Политологна Чапханов Русланна хетарехь, Эрдоганан урхаллин шина агIор хьажийна долу и тайпа дера жоп ларамаза дац. ГIажарийчоьнца Малхбузенан дагадийларш диканца чекхдолар а, ГIажарийчоь юха а Гергарчу Малхбалехь мехала ловзархо а, партнер а хилла дIахIуттуш хилар а, ткъа иштта Курдойн пачхьалкхе кхоллаялар цкъа а ца хиллачу кепара герга хилар а ду цуьнан бахьанаш.

Чапханов: „Суна хетарехь, ГIажарийчоьнца Малхбузенан барт хилла, хьалха санна и пачхьалкхе Гергарчу Малхбалехь цхьа ша-тайпа жандармерин ролехь санна хир ю. Ткъа иза цхье ца хилийта а, цунах цхьаннах дозуш дукха хIума ца хилийта а, паралеллехь иштта Курдойн пачхьалкхе кхолла гIерташ санна а хетало. Туркойн дозанна уллохь, цунна тIехула дIадоьлхуш ду и хIумнаш, иза цунна мегаш ца хилар кхеташ а ду. Цундела цу ситуацина Туркойчоь юккъегIоьртича санна хета суна“.

Цу юкъана НАТО альянсан декъа йолчу цхьа могIа нуьцкъалчу пачхьалкхаша шаьш Туркойн урхаллина церан террорхошна дуьхьалчу къийсамехь оьшшучу кепара белшашгIортон кийча хилар дIахьедина.

Иштта, масала, Цхьаьнатоьхначу Штаташа цу хьокъехь карладаьккхира, Курдойн Белхалойн Парти хIинца а террорхойн могIаршлахь лаьтташ хилар а, Туркойчоьнан куьйгаллин шен дозанийн а, шен бахархойн а кхерамазалла ларйан бакъо хилар а.

Иштта НАТО альянсан куьйгалхочуо Стотенберг Йенса а шинари дийнахь альянсан цхьаьнакхетар схьадоьллуш дIахьедар дира, Къилбаседа Атлантикан тIеман цхьаьнакхетаралла шен партнерца Туркойчоьнца ю аьлла. „НАТО вуно кIирйелла терго еш ю хуьлуш лаьттачунна тIехь, тхайн парнтеран Туркойчоьно йохучу гIулчашна реза а ду тхо“, - элира цо.

Брюсселехь гулйелла НАТО альянсан саммит а йолуш, Европерчу яккхийчу гIаланашкахь Анкарана дуьхьал акцеш дIахьош бу курдойн сепаратистийн агIончаш. Иштта оршот а, шинарийдийнахь а Берлинехь а, Венехь а, Парижехь а митингашка бевллера Малхбузехь террорхойн парти ларалучу Курдистанан Белхалойн партин агIончаш.

Цара Эрдоганан урхалла бехке йо, исламхошца тIом барна метта курдошна бомбеш еттарна.

XS
SM
MD
LG