ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнна бехк буьллу кхечу пачхьалкхаша


Оьрсийчоьна бехк буьллуш дIахьедарш даржийна дуккха а пачхьалкхийн векалша. Иза бехкейо кхаарийдийнахь цо Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташонехь кечйинчу резолюцино вето кхайкхорна. Шо хьалха Малайзе доьдуш чохь 300 гергга маьрша нах болу пассажирийн кема Донбассехь чудожорна бехке болучарна трибунал кхайкхор сацош яра резолюцин проект.

Нидерландийн премьер-министра Рютте Марка, «Оьрсийчоь яц дуьнентIехь нийсо лелийта реза», оцу хьоло шен догдохийна, амма ша «цец ца ваьккхина», - аьлла. Бохам толлучу мехкашана кхин некъ карор бу, цара шаьшлахь лоьхур ю нийсо бехкенаш таIзарх хьалха ца бовлийта, аьлла Рюттес.

«Оьрсийчоьно оцу шен ветоца гайтина ша беллачийн гергарнаш синтеме хилийта лууш йоцийла. Украина бехке еш иза хьийзахь а, ветоно кхетаво, стохка кема чудоьжча, Донбассерчу сепаратисташа дуьненаюкъара талламчаш стенна ца битира бохам хиллачу метте,» - аьлла Австралин премьер-министра Эббот Тоннис. Голландино цкъачунна шуьйра даржонза ду ша бинчу талламан жамIаш, амма уьш цхьана декъанна хууш ду юкъараллашна. Оцу жамIаша гойту кема оьрсийн ракетано сепаратисташа лаьцна латточу меттера тоьхна чудожинийла. Талламан жамIаш даржор ду Голландино гурахь.

XS
SM
MD
LG