ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эхь дуй сагIадеха?

Экономика, социалан хьелаш эшначу мулххачу а пачхьалкхехь го сагIа доьху миска нах. Делахь а, дукха зама хьалха дуьйна олуш ду вайн, нохчий цкъа а ца хилла сагIа доьхуш. ТIаьххьарчу замано хийцам балийна оцу бакъдолчунна дуьхьал.

Дукха хан йоццуш Пятигорскера лаьцна ялийра Соьлжа-ГIала, цигахь сагIа доьхуш лелла кегийрхойн тоба.

Ткъа хIинца Нохчийчуьра да чувоьллина, шен йоIе ницкъаша сагIа дехийтарна.

Вайн наха шайна эхье лоручу сагIадехарца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар.

Шуна муха хета, дастаме дуй нохчашна сагIадехар? Ткъа хIун дан деза данне а де доцучу мискано? Аш хIун хьехам бийр бара иштачунна?

ХIоттийначу хаттарна жоп дала лаам болучарна - тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 4 20 72 40 19 8 32.

Аш горгали баийтича, тхо тхаьш а девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 92 6 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 4 20 72 40 19 8 32

Шайна хетачух лаьцна язде тхан сайте а: radiomarsho.com.

XS
SM
MD
LG