ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Заманан йистехь


Белшаш cан хуттургашчуьра а йохуш,Заманан йистехь

Дихкинчу куьйгаша хатI кура гойту,

Iазапе вуьгучу сан бIаьрахьовса,

Гулделла синош ду. Ас корта ойу,

ЦIеран суй шийлачу дуьненахь лоьхуш.

Зурманца, вотанца тийналла къахкош,

Сан кхиэл дIакхайкхайо, шийла мохь бетташ...

Воьжначу эланах лай санна кхаьрдаш,

МостагIчо сан къинош суна тIехдетта...

Ткъа со-м сайн ямартхойн яххьашка хьожу.

Тоьллачу мостагIчо кхолха гуо лаьцна,

Iожална юьхь-духьал хIоттий со тахна,

Сох иллеш даьхнариш лолла тIеэцна,

Ас узар аларе сатуьйсуш лаьтта...

Ткъа аса-м сайн дагчохь цхьа серло лоьху...

Чаьлтанча сахивелла. Цо ойу довта,

Тахна со мила ву хьожур ша аьлла...

Хьегамца соь хоьжуш цхьа бIаьрса догу,

Мархашка хьожу со, деш велааьшна...

Ас корта меллаша эрда тIе буьллу...

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG