Британин, Францин, Германин, Оьрсийчоьнан лидерша дийцаредина Шемахь тIом сацор. Уьш резахилла цигахь герзаш совцорца цхьаьна машар буьллу некъаш леха а.
ПIераскана телефонан конференци дIаяьхьначу Путина а, Олланда а, Меркелас а, Кемерона а бартбина тIедогIучу кIиранах Iамеркан Штаташца цхьаьна оцу гIуллакхна тIе тидам берзо. Шемин диктаторна Асад Башарний, цигарчу оппозициний юкъахь цкъачунна лелаш бу бина барт – цара герзаш совцийна, хаамбо дуьненан агенталлаша.
Амма машар хьакхалуш бац «Исламан пачхьалкх» олучу жихIадхойн тобанех а, ал-Къайда партин тобанех а.