ТIекхочийла долу линкаш

Роснефт инвесторшна акцеш юхкуш ю


Оьрсийчоь -- Роснефт куьйгалхо Сечин Игор

Оьрсийчоь -- Роснефт куьйгалхо Сечин Игор

Пачхьалкхан мехкадаьттан компани Роснефт шен пхоьалгIа дакъа коьртачу инвесторашна йохка дагахь ю. Хьалха и компани нахана акцеш а йоьхкина, ахча вовшахтохарна ойла еш яра. Оьрсийчоьнан экомоникан министераллан хьесапашца, компанин пхоьалгIачц декъан мах 10.5 миллиард доллар бу. Цо ахчано бюджетехь тIе ца тоьучу ахчанца кхачо ян гIодийр ду, дIахьедо цу министеррало. Компанин акцеш йохкаран хьокъехь цуьнан куьйгалхочо Сечина иштта элира: “Дуьненаюкъара хьал а, санкцеш а хьесапе эцча, тахана компанин хIоттийна мах цуьнан бакъболчу мехаца богIуш бац. Цундела, компанин дакъа инвесторшна дохкале хьалха, компанис цхьана ханна ойла тIейогIийтур ю шен акцийн мах базбарна. Кхечаьрца цхьаьна и кост оха кхочушдахь, оха пачхьалкхе а алсам са йоккхуьйтур ю.”

XS
SM
MD
LG