ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь гуттар а карзахдуьйлу Iалам


Гуьржийн бIаьн некъ такхарца, дехьа-сехьа бовла таро йоцуш бIеннашкахь нах бисина аьтто боьхна.

Степанцминда эвлана гена доццуш боккха лам тIекхна 500 метар хиллал некъ а бохош. Иштта цигахь охьадогIучу хино а шен некъ хийцина.

Схьадийцарехь, хIинца керла некъ билла беза. И ша дерриг Гуьржийчоьнан дозанехь хилла ду. Дукъана дехьа а, сехьа а дуккха а нах бу гулбелла бисина. Цхьаберш: яккхийн машенашца Азербайджане а, Эрмалойнчу а цхьацца сурсаташ хьош, кхиберш - садаIа.

Оьрсийчура дуккха а бахархой Аджари садаIа боьлхучура цигахь бисина.

Марха достуш цIахь хир вац олу нохчийн забар, бакъхилла, и некъ такхарца, Гуьржийчохь цIа баха йиш йоцуш бисинчу вайнахана.

Иттанашкахь бу уьш. Совдегархо Литаев Леча а ву царех цхьаъ. Цо иштта дийцира.

Литаев: «3 де хьалха цIахь хила веза со хIинца кхузахь висина. Абхазехула некъ бу боху, амма цул тIаьхьа Гуьржийчу юхаван аьтто хир бац боху. Кхо шо хьалха вахана со Азербайджанехула иштта цIа, некъ а къевлина. Цигахь ма чIогIа хьийзийра цара со. Ахча доьхуш, сагIадоьхурш санна. Кхузахь дIа Iийр ву-кх со, некъ схьабеллалц».

Эрмалойн, шайн Даймахка кхача, кхин некъ бац Гуьржийчоьнехула бен. Азербайджанехула церан баха йиш яц. Цундела мел хуьлуш болу тохам, доккхахчу декъанна царна хуьлуш бу. Шена дукха гина оцу некъаца, массийта чакхармехь лаьтта эрмалойн машенаш.

Царах кхеташ, къа а хета нохчийн совдегархочун Литаев Лечан. Некъаш къовлар ду, хIинцалерачу политикийн коьрта герз, аьлла кхин дIа а дийцира цо.


Литаев: «ГIаддайча оцу Азербайджанехула чекхвалалур ву. И аьтто боцу эрмалойх къахета суна. Иштта, оьрсий а бу оцу хьолехь. Еврокхеташонан юккъерачу пачхьалкхашкахула, цхьа а новкъарло йоцуш дехьа-сехьа волу. Кхузахь, тIом боьдуш санна, оцу некъашций бен шайна кхин мостагI чувогIур вац аьлла хета. ГIирме ваха а ца лаьа, Дагестанера Таркхойн хIуорданчуьра а цхьа лазар дарна кхоьру. Иштта хьал ду-кх».


ТIаьххьара болчу хаамашца, Кавказана Доккхачу дукъехула боьду тIеман-гуьржийн некъ схьабелла мега, мел лаххара а 2 кIира даьлча.

Иза а билгала ала ца хIутту Iедал.

XS
SM
MD
LG