ТIекхочийла долу линкаш

20 кхаьчна Оьрсийчоьнца боьдучу тIеман хатI, хIуьйцуш, Кремл шен ницкъаш юха а баьхна, Нохчийчоь маьрша йита декхарееш, Ичкерин эскарша Соьлж-ГIала мукъаяьккхина.

Соьлж-ГIалахь тIемалоша дIалоцучу хенахь 6 эззар салтий вара чоьххьарчу эскарера а, милицийн белхахойх а.

Иштта, Ханкалахь а, аэропортехь а кхиъ 10 эзар салтех хIоьттина тIеман дакъа дара. Ша гIала юккъахь, 22 блок-пост а, 7 комендатура а яра.

1996-чу шеран бIаьста тIемалоша гIалана тIелатар динчулла тIаьхьа, оцу блок-посташка а, тIеман дакъошка а, шортта тIеман гIирс а, герз а, баттахь сов яъал хIума а хьажийнера.

ЧIагIам бина къовла а беллера эскархой.

ХIетахь динчу лараршца Соьлж-ГIала чубогIуш 130 некъ бара. Царах 33 бен эскархойн карахь а ца хилла. Цундела схьаяьккхалур йоцу гIап Соьлж-ГIала ян ца еллера цаьрга.

Ткъа бахархоша къайлах-къулах тIемалошна деш долу гIо лерича-м, церан гIуллакх аьттехьа а дацара дика.

ТIемалой гIала чубогIур бу аьлла дуьйцуш, и хан тIекхачале цхьа ши кIира а дара. Марсхьокху беттан 5 сарахь, гIала юккъахь севцнера дукха а журналисташ. Уьш теш хилира, хьалхара тIом чекхабаьккхинчу оцу хиламан.

ТIемалоша дIаяхьначу оцу операцин башха йоккха къайле яцара. Иза тIеман низамашца хила ма деззара дIаяхьинера, цара, аьлла дийцира Маршо Радиога хиллачу журналиста Басханов Алихана.

Басханов: «ТIеман говзалла шайгахь йолундела толам баьккхира. Оьрсийн уггаре а дукха меттиг болчу дIахIиттинера нохчий. И меттигаш схьалаьцнера. Цу чуьра араволочунна герз тухий воьра. Ханкалара гIонна аьлла араяьлла колонна а йохийра цара. Со дукххачу метте кхача ма кхечири. Суна сайна гина хIуманаш ду уьш».

Соьлж-ГIала чувахнарг эзар ца кхоччуш тIемало хилла. Цара, эскархой лаьтташ мел йолу меттигашна гобина дIакъевлинера, гIо тIедан йиша йоцуш.

ТIемалоша гайтина майраллин ша а, ша санна болу кхечу пачхьалкхера журналисташ бара.

Шайна а, чIогIа хала а, кхераме а дара болх бан. ТIамна юккъера материал а яьккхина араваьлча, юха гIур вац аьлла хеталора журналистна Басханов Алиханна.

Ша деш дерг шен къоман цхьа гIуллакх ду аьлла хеташ юхавоьдура, элира цо.

Басханов: «Хаза нехан санна хала дара цигахь лела. Могашалла а оьшура. Дуккха а чакхарма некъ а бой, машен дIа а хIоттайой, гIаш гобоккхий Несар-гIала воьдура материал дIатаса.

Цигахь хIума а кхаьллина дIавуьжуш, моьттура, кхин юха гIур вац цига. Iуьйранна ойла хийца алой, юха воьдура.

Кхара дийца-м дуьйцу, Оьрсийчохь дийнна институташ яра вайна дуьхьала болх беш бохуш. Уьш а оьшуш ма яцара вайна. ТIом дIабаьлча, и хIума кхин дIа лело хууш ца хилар дара бехке. Ша верриг майра вара, герз охьа а диллина, цIабаха лууш бацара. Мехкдаьтта лечкъо долийра, нах а хьийзо болийра. ТIаккха и ваххабизм боху хIума а юккъеделира».

Толам а баьккхина маршо дIахIоьттича, иза карахь хIунда ца латтаделла нохчашка аьлла, оццу хаттарна тайп-тайпана ойланаш ю нохчийн юккъъараллехь.

Дуьххьара барт ца хилар дара оцу хIуманна бехке элира юкъаралхочо Шамсудинов Вахас.

Шамсудинов: «Вайнехан дакъазаллан билгало ю, хьан диннчу диканах а, вонех а доладан ца хаар. Цхьаъ хилча, со иза ву, со важ а вуй олий, дIахIутту. Хаза нехан санна доьналла а гойтуш схьа а баьхкина дукха зама хьалха дуьйна. Ерриге а вайн дакъазалла, вайна лела ца хаар ду-кх. Кхин хIумма а дац-кх».

1996 шарахь аьхка баьккхина толам кхин а кхаа шарахь сов лаьттира.

Цул тIаьхь Оьрсийчохь Iедал хийцаделира. ШолгIа тIом иккхира, хьалха хилларг берийн ловзарх тар а деш.

XS
SM
MD
LG