ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчохь оппозици карчам баккха гIортар луьстучу юкъанна, оцу оппозицин лидер ларалучу Гюленна Вашингтоно депорт цаяр бахьана долуш, Хонкаран а, Вашингтонан а юкъаметтигаш шелъелла го дуьненна а. Уьш меттахIитто Iалашо йолуш, кху беттан 24-чу дийнахь Iамеркан Штатийн вице-президент Байден Джо ву вогIуш, хаамбина журналисташка Истамулехь туркойн премьер-министро Йылдырым Бинала.

Цо бахарехь, Гюленна кхелеозорах доьзна Вашингтонца дечу къамело дегайовхо ло ши мохк вовшех кхетар бу бохучунна, амма Йылдырыма ца довзийтина муьлхачу тIегIане кхаьчна и дийцарш. Ткъа Вашингтоно хьалхо дIакхайкхийра шена Гюлен бехке хилар тешшош хаа оьшу аьлла.

Премьеро дийцарехь, 80 эзар сов эскархой, пачхьалкхан мехькамхой, кхелахой баьхна балхара, цхьаберш чубоьхкина карчамбархошца хиларна. 270 стаг велла оцу хиламехь, элира Йылдырыма.

Туркойн президенто ЭрдогIана дош делла махкахошна, ша махкара Гюленан маша бохор бу, аьлла. Ткъа иза кхочушдеш туркойн Iедало репрессеш яржайо, адамийн бакъонаш хьоьшу аьлла хета Iамерканна а, Европан Бертанна, бакъоларънечу дуьненаюкъарчу хьукматашна а, и тайпа дIахьедарш Туркойчоьнна ца тахь а.

Шоьтадийнахь туркой арахьарчу министралло даржийначу дIахьедаро боху, Малхбузенан претензеш бухбоцуш ю. Иштта къамелдира дипломатин урхаллан векало Билкъиз Таньюс. Деношкахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино Туркойчоьне репрессеш совцор хьоьхуш дина дехар цо харцо ю, ттеррорхой бехкебечу меттана дIахьееш, аьлла.

XS
SM
MD
LG