ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школа: кеп - хаза, чулацам - беркъа


Даима а санна дешаран шо долалуш школаш тергоне эцна Нохчийчуьрчу полисхоша. Керлачу шеран хьалхара хаарийн Де дIадерззалц, официала кхайкхорца, полисхоша доладийр ду школийн.

Даима а санна ГIадужу-бутт тIекхочуш ишколаш тидам-тергоне эцна полисхоша. Доьшийлийн кетIенаш цара йийсаре яр шатайпа хаам бу керла дешаран шо тIекхочуш хиларан.

Кхушара а ду изза сурт. Керлачу шеран хьалхара хаарийн Де дIадерззалц, официала кхайкхорца, полисхоша доладийр ду ишколийн.

Бакъду, стохкалерчу хьолаца дуьстича мелла а синтеме «денлуш» ду ишколашкара дахар кхушара, стенна аьлча, тIемалой бу тIелата кечбелла бохуш, кхераме къамелаш тахана доцу хьесап ду.

Делахь а дай-наношна,бегашена а доцуш ладегIаме долалуш ду ишколашкахь керла дешаран шо. И доьзна ду стохка шо юккъе даханчу муьрехь, цIеххьана тохабеллачу маьхькIамхоша, балха тIехь зеделла, шуьйра хаарш а,кIорге а йолу хьехархой-пенсахой дIа а бохуш, церан меттана хIумма а хууш боцу кегийрхой балха дIаэцар.

Ма-дарра аьлча шаьш хIун дан деза ца хууш,холчохь берийн дукха гергарниш. Царех ву СоьлжагIалин кIоштера Сайдулаев Руслан а.

40 шарахь болх бина шен йоьIан хьехархо балхара йоха а йина, цуьнан меттана лартIахь яздан а хууш йоцу жима жоI муха йоьуьйту берашна хьеха бохуш, даггара хеттаре вуьйлура иза.

Руслан: «Вайн йоI 4-чу классехь ю. Шовзткъа шарахь болх бина йолу цуьнан дуьххьарлера хьехархо дIа а яьккхина,и бератIорз даийтина. ХIумма а хууш яц иза. Юьртахь атта дIасадаьржа хIума. Иза дIа ладоьгIча берийн беша ,хьехамча балха яха гIоьртина ишколе кхачале. Йоза-дешарца муха ю хьовса диктант язьяйтина цуьнга. Цунна йоза лартIахь хууш а ца хилла. Ишта кхаьчна –кх иза ишколе. Шена а яздан хууш а йоцчу цуо берашна муха Iамор ду?»

Ишколашкахь керла шо доладаларца доьзна нахана халонга долург ду,ахча дайдаларе хьаьжча кхин дIоггара тIекхеташ пенсеш,пособеш я алапаш а доцуш, массо хIуманна а мехаш тIедетталуш лаьтташ хилар. Цу хьокъехь дуьйцуш ю Шелан кIоштера Рукъидат.

КIант, цIийнда балхахь воллушехь,»нахала ца довла гIерташ» хала хене довлу шаьш, деккъа и пенси оьцуш Iийраш муха ларало хаац шена бохура цо..

Рукъидат: «Валлай атта-м дац доьзалхой ишколана кечбан. Чуьра масех кечван муххале а хала ду. Ас цу шина йоIана 20 эзар доьхкина а ца Iа-кх. И шаерг эца езаш хиллехь кхин а дукха дезар дара. Стохлера духар цхьана йоьIан долуш дара,цунна къелхьардевли-кх.

Тхо-м масех балхахь а вара,гIийла бохкурш муха ларало-м ца хаьа… Цхьа лол бетта хир бу-кх. ХIора шарахь мехаш тIедетталуш лаьтташ ду,ткъа алапа а,пенсеш лаьтташ ду…»

Бераш ишколе дахийта пхи доьзалхо волу шен йоI амал доцуш йиснера къинхетаме нах орцах ца бевллехь боху Новр кIоштерчу Кайпас. Туьканан долахоша закат даккхар бахьнехь, хала –атта цхьа чкъор бедарш эца лараелла шен боху цуо.

Кайпа: «Ялх доьзалхо ву сан йоьIан. Царех пхиъ ишколехь ву. Цхьана доьзалхочунна,цара мА-бохху дIахьажо, лаххаре а итт эзар деза.Лаххаре а итт эзар долу. Хьалха хIуъу а тIеюха а магара. ХIинца шена луъург тIеюха а ца вуьту. ХIумнаш еза ю. Мехаш лакхадуьйлуш лаьтташ ду. Делан къинхетамца оцу цхьаболчу хьоладайша закат даккхар бахьнехь гIо хилла-кх йоIана бераш кечдарехь. Дела реза хуьлда царна».

Бераш ишколе хьовсор хьокъехь хIинцца къамел динчу Кайпас а кхечара а билгалдоккхура,хьалха Советан Iедал урхаллехь долуш,гIийла боллучу доьзална,баха а а ца оьшуш Iедало духарца, дешаран гIирс-коьчаллица гIо деш хилар.

«ХIинца цхьана агIор,дуьненна а гуш, лестош ахчанаш ду миллионашкахь, -Кайпас, -ткъа вукху агIор мел де эшначунна,хала дела балийца хене бовлучарна а кховдо сом а ца хуьлу».

XS
SM
MD
LG