ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжам боцу харжамаш


Харжамаш хила кхо кIира гергга хан йисина. Партеша жигараяьккхина агитаци. Гучуюьйлу цхьаццанхьа лела харцонаш.

Левада-Центро бинчу хаттамо гайтарехь, Оьрсийчуьрчу харжамхойх доьалгIа дакъа кийча ду, оьцург валахь, шайн кхаьжнаш бохка.

Оцу хьолаца доьзнера Маршо Радионо шен кIиранан хаттар.

Нийса дуй кхаьжнаш эцар-бохкар?

Аш бухкур барий шайн кхаж мах лучу кандидатна, иза милла а велахь а?

Шу мел теша, харжамаш нийса а, цIена а дIахьор бу бохучух?

Дуьненахь цкъа а ца хиллачу кепара цIена а, нийсонца а хапжамаш хир бу Нохчийчохь бохуш, Iедалан дайша кхийкхадахь а, Маршо Радионе дахкийтинчу жоьпаша а, сайтерчу кхожан жамIаша а гойту махкара бахархой харжамех догйовха боцийла.

XS
SM
MD
LG