ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев : Джолина гиначу а, таханлерачу а нохчийн мухIажирийн баланаш цхьаъ бу


ГIалгIайчохь --Джоли Анжелина нохчийн мухIажиршца, 2003 шо.
ГIалгIайчохь --Джоли Анжелина нохчийн мухIажиршца, 2003 шо.

2003-гIа шо. Голливудан тоьллачех актриса Джоли Анжелина йогIу ГIалгIайчу, тIамах левчкъина нохчийн мухIажирш ган а, шега далуччу кепехь царна гIо лаца а.

Дукхачу хьолахь, Оьрсийчуьрчу Iедалшна Малхбузера хьеший шпионех тарло. Ткъа Кавказехь, шен хазаллица а, адамаллица а, дуккхаъчу тIемаш лаьттачу мехкашка гуманитаран миссица лелла Джоли Анджелина езаш тIеийцира хIетахь нохчаша.

«Спутник», «Белла» цIерш йолчу мухIажирийн каппашкахь дIатарбеллачу мухIажиршца цхьаьнакхетар хилира Джолин.

Цу дийннахь, хIетахь ГIалгIайчоьнан президент хиллачу Зязиков Мурата лаккхара совгIат дира актрисина, мухIажиршна гуманитаран гIо дарна аьлла, билгалдоккхуш.

Ичкерин эмиграцерчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада дуьйцу Джоли Анжелина ГIалгIайчу ярах, тахана дуьне дуьзначу нохчийн мухIажирех, уш оцу хьоле балочу бахьанех а.

XS
SM
MD
LG