ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьхь-тIаьхьа алсамох дека Малхбузехь Шемарчу Алеппо гIалахь адамаллин дуьхьал зуамаш дарна Асадан режим а, Оьрсийчоь а Дуьненаюкъарчу кхелехула жоьпе озон еза боху аьзнаш.

Францино Дуьненаюкъарчу кхеле латкъам бийр бу, Оьрсийчоьно а, Шемарчу Асадан режимо а цу махкахь деш долу тIеман зуламаш талла аьлла.

И дIахьедар оршот дийнахь Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Эйро Жан-Марка дина.

Шемарчу хьолан хьокъехь ша меттигерчу Франс Интер Радиона еллачу интервьюхь министро элира, шина пачхьалкхено маьршачу нахана а, лоьрийн цIеношна а бомбанаш етташ латтош йолу къизалла кхин дIа лан бакъо яц дуьненан юкъараллин, аьлла.

„Тхо реза дац Оьрсийчоьно Алеппо гIалина авиаеттарш деш лелочунна. Франци цкъа а ца хиллачу кепара Алеппон бахархошна орцах яла лууш ю“, - элира цо.

Эйрос иштта шеконе диллира, ГIадужу- беттан 19-чохь Париже ван леринчу Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца Францин куьйгалхо Олланд Франсуа вовшахкхетар хилар а, цу дийне кхачале Алеппон гонахьара хьал хийцадаларх доьзна хир ду и цхьаьнакхетар хиллане а хилар, аьлла.

„Нагахь санна президент цуьнца, Путинца, гуш хилахь а, цо цуьнца кIеда-мерза хабарш дуьйцур дац“, - элира Францин коьртачу дипломато.

Ала догIу, Оьрсийчоьнан президент Путин ваххане а Франце ваха гергарчу хенахь дагахь хилар оршот дийнахь бен официале гIардаьлла а дац, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс и хIума шен Францерчу коллегица Эйроца цхьаьнакхетарехь хьахийча бен.

Цул ши де хьалха боккха цатам баьллера шина пачхьалкхана юккъехь, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллерчу шина агIонан векалшна юккъехь Iотта-баккхам а болуш. Бахьана – францхойн агIоно йийцаре йиллина йолчу Шемарчу хьолан хьокъерчу резолюцина Оьрсийчоьно вето йар.

Алеппо гIалина бомбеш еттар сихонца сацон дезаш хилар а, цу гIалин тIехула тIеман авиацина дIасалелар дехка дезаш хилар а дара цу резолюцехь хьахийна. Амма Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллехь Оьрсийчоьнан векал волчу Чуркинс и резолюци бакъдерг харцахь доккхуш а, политизацин хIу шеца долуш а ю“ аьлла, иза тIеэцарна дуьхьало йира.

Оьрсийчоь а, Асадан режим а Шемахь, къаьстина Алеппо гIалахь тIеман зуламаш а, адамаллин дуьхьал зуламаш а дарна жоьпалле озон езар тIаьхь-тIаьхьа алсамох дека Малхбузехь.

Иштта немцойн канцлеро Меркел Ангелас шота дийнахь кхин цкъа а кхайкхам бира Кремле, Шемахь бомбеш еттар сацаде аьлла.

Ткъа Бундестагехь Баьццарчу партин фракцин куьйгалхочо Гоьринг -Эккарт Катрина немцойн урхалла кху сохьтехь Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш юккъеяха йолаяла еза элира. „Зоьканийн бомбеш маьршачу нахана тIе еттар тIеман зулам санна туда а деза, Дуьненаюкъарчу кхелехула цу зуламна дуьхьал яха хьакъ йолу юристийн гIулчаш яха а еза Германино“, - элира цо.

Амма Дуьненаюкъарчу кхеле Кремлан леламаш бахкаро Оьрсийчоьнан куьйгалхой шаьш леринчух юхатухур бац аьлла хета политологна Асхабов Хьамзатна. Путинна шера евза Малхбузенан шеца долчунна гIорасизалла, цундела цо шена луург, шена нийса хетарг до, кхин дIа а дийр ду аьлла тешна ву иза.

Асхабов: „Суна хетарехь, кхел ялур яц. Оьрсийчоь бехке ю аьлла цара иштта а аьлла ду, шайга ялуш йолу санкцеш а цара йина. ХIинца Оьрсийчоьно цаьрга бохург хам бац шун бохург санна хIума ду. Кремл шайн герзаш кечдеш а, бахархошна тIамах ларбаларан говзалла Iамош а ю. Бан безахь шаьш тIом бан а кийча ду хоуьйтуш бу оьрсийн Европе а уггаре а хьалха Iамерке а.

Вуно чолхе хьал ду хIоьттинарг. Дуьнено бохург кхин тергал дийр дац шаьш, нагахь санна и дуьне ша бохучуьнга ладугIуш а, иза тергоне оьцуш а ца хилахь, ткъа Малхбузе шалхоне стандарташ лелош ю боху“.

Ала догIу, Европера политикаш а, хьукматхой а хилла ца Iа Оьрсийчоь а, Асадан режим а тIеман зуламашна жоьпалле озон хан тIекхаьчна аьлла хеташ берш. ХьастагIа Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар волчу Керри Джона а хьахийра иза.

ГIадужу беттан 7-чохь Францин арахьарчу гIуллакхийн министраца Эйро Жан-Маркаца шен хиллачу пресс-конференцехь цо элира, Оьрсийчоьнан, официалечу Шемин Алеппора тIеман зуламаш таллийта деза Дуьненаюкъарчу кхеле, аьлла.

Лоьрийн цIеношна бомбеш еттар а, маьрша нах байъар а, цхьа а къастам а боцуш гIалин гIишлошна кIоргене бомбеш еттар а ларамаза хуьлуш хIумнаш дац, элира цо.

Мелхо а, „лерина дIахьош йолу маьршачу нахана тIехь террор латторан стратеги ю иза“, аьлла билгал а доккхуш.

XS
SM
MD
LG