ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь лецнарш схьабоьху Кадыровс


Нохчийчохь тIемаш болчу хенахь гIаттамхойн хилла кхо лидер дIалаьцна Туркойчохь аьлла, даржийна Кадыров Рамзанан пресс-гIуллакхо. Уьш бу Саидов Махран, Вадалов Асланбек, Газиев Тархан.

Туркойчоьнан президент Реджеп ЭрдогIан кхойкху Кадыровс «Оьрсийчохь а, доллу дуьненахь дика бевза террорхойн» экстрадици яре. Кадыров тешна ву, Оьрсийчоьнан инарла прокуратурано Туркойчу оьшу кехаташ дахьийтина, лецнарш оьрсийн пачхьалкхе схьалург хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG