ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къам хIаллакдина спецназ ю Нохчийчу деган чевнаш ерзон йогIуш


«Спецназан ветеранийн цхьанатохаралло» иштта гуламаш бо Оьрсийчуьрчу муьлххачу регионехь. Уьш ца кхочуш меттигаш хилла а яц.

ХIинца уьш Нохчийчу бахка тарлуш ду. И лаам церан хилла дукха хан ю, аьлла журналисташка дийцина царна хьалхаваьллачу Кондауров Олега.

Иза ша а ву Сибрера ветеранийн цхьанатохараллин куьйгалхо. Нохчийчохь хилла хийцамаш ган лууш, хьеший санна, цига юха а баха лаам церан болу дукха хан яра, аьлла цо.

И визит хир йолу хан билгала ца яьккхина, амма Нохчийчуьрчу Iедалша къобалдина иза, аьлла дуьйцуш ду официалан хаамехь. Изза олийла дац меттигерчу бахархойх.

Юкъараллахо Успанов Юни цецваьлла оцу хиллачу эпсарша, шайна Нохчийчохь хилла деган чевнаш ерзаян догIу шаьш, аьлла ешча.

Успанов: «Ас дийшира оцу хаамех. Цу тIехь яздина ду иштта: «Ветеранийн дегнашна хилла чевнаш ерзор ю кхуза баьхкича», аьлла. Церан куьйгалхочо аьлла иза. Нах беллачарна хIун дан деза вай? Церан чевнаш муха, хьан ерзор ю? Кхузахь цара динарг хууш ма дай».

Нохчийчу бахка сацам хиллачу спецназан ветеранаша, шаьш цхьанакхетарш дийр ду боху Iедалшца а, дешархошца а, схьагарехь, нахаца а.

Йоккха культуран программа а хир йолчух тера ду царна кечъеш.

ХIун дуьйцур ду цара, масалла, нахаца шаьш цхьанакхетча, аьлла ца кхета Успанов Юни.

Ала догIу, къаьмнийн доттагIаллаш чIагIден «Кунаки» клуб кхоьллинарг ву и ша а.

Маьрша нах стенна байъина аш аьлла шайга хаттахь, хIун дийца бохку уьш?

Успанов: «ХIун дийца бохку уьш? Нахаца уьш цхьанакхетар бу аьлла дуьйцуш дац. Церан дийца хIума ма дац.

Маьрша нах стенна байъина аш аьлла шайга хаттахь, хIун дийца бохку уьш?

Диканиг цхьа хIума ду: оццул чIогIа шаьш нохчийн къам хIаллакдийр ду, охьатаIор ду, аьлла баьхкинчу царна гур ду вайн къам сийлахь хилар.

Иза хир ду аьлла бацара уьш. Ткъа царна юккъехь уггаре а сийлахь волу турпалхо - нах дукха байъинарг ву.»

Нохчийчохь тIемаш бинчу эскархойн а, инарлийн а цIераш техкина урамашна. ТIаьххьарниг - Шемахь тIом беш веллачу цхьана эпсаран цIарах урам бу. Оцу гIулчех а кхета ала мегар ду юккъараллехь, Москохара схьадогIуш ду иза.

Амма, иттех шо хьалха, шаьш а тIемашкахь дакъа а лаьцна, къизаллаш лелийначу эскарера эпсарш кхуза гул а белла, йохийнарг метта муха хIоттийна хьовса бахкар аьттехьа тIе ца дуьту кхечу юкъараллахочо Апаев Асланбека.

Уьш баьхкича, церан цхьанакхетарш хьаьнца хила дезара а, цигахь цара хIун дийца дезара а хаьа шена, элира цо.

Шаьш хIаллакбина нах, байлахь дитина буобераш дуьйцур дуй цара?

Апаев: «Цара дан дезарг дара - шаьш хIаллакбина нах, байлахь дитина буобераш дийцар. Иза дийца богIуш бац уьш.

Схьа а дуьйлий, ала, тхуна къинтIера довла. Ханкала гIуо, ГПАП-I гIуо, цигахь йие, ГУОШе гIуо…

ХIоккхула нах байъина, багийна, бетон юккъебахийтина, оха неха декъий доьхкина, тхуна оццул пайда хилла, бохуш дийца. Дуьйцур дац!»

Ша а Нохчийчуьра тIамехь дакъалаьцначу, хьалха оьрсийн омонхочо хиллачу Флорин Дмитрийс а емалдо, эскархой-ветеранаш Соьлжа-ГIала гIур бу, бохург.

ХIун барт буьйцу, нах байъарна бехке берш жоьпе озийна а ца хилча, элира цо.

ХIун барт буьйцу цара и тIом хIинца а бирзина ца хилча?

Флорин: «ГIалаташ тIе а эцна, ший а агIо вовшешна къинтIераяьлча, тIаккха кхиндIа а даха мегар ду.

ТIаккха, истори ю, ала мегар ду иза?!

Муха тIеэца мегар бу Нохчийчуьра тIом, истори ю, аьлла? Иза газеташкахь яздан а, телехьожийлашкахь гайта а лерина хIума ду. Ваа Дела, сан бIаьргашна хьалхахь лаьтта и хиндолу сурт.

Боьлху спецназовцаш, маьрша нахана мара а бетталуш, муха хилла теша и хIума, вовшашна тIе муха диттина вай герз, вай вежарий ма ду кху оьмарехь; хьовсийша мел хаза ю Соьлжа-ГIала, иза нийса ма дац, бохуш.

ШолгIа тIом баьккхинарш, массо а аьлча санна, лаккхара Iедалехь бу. ХIун барт буьйцу цара и тIом хIинца а бирзина ца хилча?»

Нохчийчохь лаккхарчу тIегIанехь тIеоьцур бу кхузахь тIом бина эскархой-ветеранаш. МогIарера нах а баха мега царна дуьхьала:

«Шу Марша догIийла!», аьлла.

Амма тамаша бу цара а вукхара а и дешнаш даггара алахь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG