ТIекхочийла долу линкаш

Москохарчу хенаца Iуьйранна бархI сахьт даьлча, ткъа Вашингтонца буьйсанна 12 даьлча дIабуьйлабелла Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан харжамаш. Iамеркахоша хоржуш ву, тIедогIучу деа шарахь шайн махкахь президент хилла ца Iаш, доллучу дуьненан политикана а тIеIаткъам бан йиш йолу стаг.

Москохарчу хенаца Iуьйранна бархI сахьт даьлча, ткъа Вашингтонаца буьйсанна 12 даьлча официале дIабуьйлабелла Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан харжамаш. Iамеркахоша хоржуш ву, мел кIезга а, тIедогIучу деа шарахь шайн махкахь президент хилла ца Iаш, доллучу дуьненан политикана а т1е1аткъам бан йиш йолу стаг.

Ши кандидатура дуккхаъчу харжамхойн башха дегайовхо шайца йоцуш ю, ала мегар ду. Нагахь санна шераш хьалха iамеркан президентан Клинтон Биллан хiусамнана санна а, цул тiаьхьа пачхьалкхан секретар санна а Вашингтонера КIайн ЦIа шена дика девзаш Клинтон Хиллари елахь а,Трамп дукхахчара цхьа экзотикалле стаг санна тIеоьцу.

Бакъду, цунна а, цуьнан ша-башхачу эпатажечу къамелашна а, леларшна а резабоцу харжамхой а ур-аттала бац Клинтон Хиллари харжа шайн дезарх башха баккхий беш. Иза доьзна ду, дуккхаъчу тергамхошна Клинтон совтIех таронаш йолчу меттигерчу совдегархойн а, финансийн элитийн а векал хетарца, царна иза цу элитийн тIеIаткъам ловш хетарца а.

Президентийн харжамийн шозлагIчу кандидате Трамп Доналде а ду харжамхойн дуккха а хаттарш. Шен IалагIожечу д1ахьедаршца а, шен тамашийначу ша-башхачу месийн кепаца а, дела денна аьлча санна шена гонахь яьржачу скандалашца а гIарваьлла волу миллиардхо Трамп, Iамеркахойн юкъечу классана а, таронечарна а мел беламе я гома хетахь а, хIетте а гIийлачарна а, мискачарна, - ткъа иштта, - иза мел тамашийна хеталахь а, - ур-атталла кхечу мехкашкара тIебаьхкинчу мигранташна а шайн аз а, шайн векал а хеташ ву.

Масала, политолог ву Асхабов Хьамзат. Цунна хетарехь, даима а аьлча санна ишттачу эпатажечу политикашца хуьлуш ма-хиллара, ша президентан дарже кхаьчна ваьлча, шецара совт1ех шовкъ а, ша харжамхойн гулбархьама деш долу популисте д1ахьедарш а дита там бу республикхочо.

Асхабов: „Клинтон Хиллари чекхйалахь Iамерка ша хIинцалц ма-хиллара, дуьненчохь шен жандарман рол дIакхехьа гIуртур ю аьлла хета суна, иза шайн гIуллакх хилчахьана кхин хIуммаъ бен а ца хетачу хьоладайн вeкал а хета суна.

Ткъа Трамп Доналд, иза ша хьолада велахь а, амма дуьненан кхечу пачхьалкхийн гiуллакхашна юккъе а ца гiерташ, шайн махкахь долчу гiуллакхашка хьожуш хир волуш санна хета суна. Бакъду, харжамийн жамiаш тiеэца ший а агiо кийча ца го суна, цигахь кесталгiа политикан кризис хила там бу аьлла а хета суна“.

Цу юкъана Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан харжамаш х1инца а официале чекхбевлла бац. Москохан, Вашингтонан юккъехь масех сахьт башхалла хиларна кхаари дийнахь бен хуур дац тоьлларг-эшнарг мила ву. Бакъду, хiинцале а баккхий къийсамаш бу Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а бахархошна юккъехь, генарчу iамеркан президент хила мила хьакъ ву бохучу хаттарна гонахь.

Иштта, масала, хаамийн гiирсашкахь а, социалан машанашкахь а Оьрсийчоьнан бахархоша Трамп Доналд президент валаре сатийсар хаалуш ду. Йистаха ца буьсуцу дсикуссешна нохчи а.

Иштта Фейсбукехь iамеркерчу харжамашна леринчу цхьана нохчийн зудчуьн йозанна бухахь шена хетарг довзийтинчу цхьана юзеро яздинера, шина зуламах жимах долу зулам хоржуш хуьлу. Ткъа Трамп, бусулба динан а, бусулбанийн гаррехь волу мостагI хестош йолу вайн пропаганда а – уггаре а оьшуш долу зулам ду“, - аьлла. Цхьаьна кхечо жоп деллера, „иза жоьжахатера йилбаз делахь а, Кремлерчу паханатана дуьхьал верг адамаллин доттагI ву“, аьлла.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG