ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ 2016-чу шарахь: хиламаш, хийцамаш, кхерамзалла


Къилбаседа Къавказан политике а, социале а дахарехь чекхдаьллачу 2016-чу шарахь хилла мехала хийцамаш а, хиламаш а. Уьш шен артиклехь толлу Маршо Радион аналисто Фуллер Лизас.

Даханчу шеран хьалхарчу ялх беттан коьртачу хиламех лара мегар бу гезгмашин беттан 18-чу дийнахь къоман тIегIанехь а, ткъа Нохчийчохь а, Дагестанехь а, республикийн тIегIанашкахь а дIабаьхьанчу харжамашна бина кечамаш. Хьалха дуьйна хууш ма -хиллар, Пачхьалкхан Думан харжамашкахь дакъалаца ойла хиллачу оппозицийн кандидаташна а, я бозушбоцу кандидаташна а цу харжамашкахь дакъалаца регистраци ян бакъо ца елира. Дагестанехь, бIаьста кхоьллина ‘Коррупцина Духьал Къам’ цIе йолчу, мелла а республикерчу официале диндайшца уьйр йолчу партино, Iедалхоша бина Iаткъам бахьанехь, керлачу Дагестанан парламенте кандидаташ хьалха ца теттира дIабаьхьанчу харжамашкахь.

Нохчийчохь Кадыров Рамзан кхозлагIа хаьржира республикан куьйгалхо, ткъа Кхарачой-Чергазехь Темрезов Рашид шозлагIа юхахаьржира цу республикан куьйгалхочун дарже.

Регионерчу кхерамзаллин хьолах аьлча, Умаров Доккас кхоьллинчу Кавказан Эмиратан статус хIинца а къастаза ю, 2015-чу шеран марсхьокху баттахь цуьнан куьйгалхо ГIимрера Абу-Iусман вийначул тIаьхьа керла куьйгалхо хаьржина ца хиларна. Дечкен-беттан а тIера гезгмашан-бутт тIекхаччалц йолчу статистико ма-гайттар 2010-чу шарахь тIеман тийсадаларш а, байъинчу а, лазийнчу а тIемалойн а, кхерамзаллин белхахойн а терахь лахдала доладалар кхиндIа а охьадоьжна. Цу хенан йохаллехь вийна 95 тIемало а. 2015-чу хьалхарчу шеран исс баттца дуьстича, 2016-чу шеран хьалхарчу исс баттахь 30 тIемало кIезигах вийна. Царна юкъавогIу шиъ регионан буьйранча. Цхьа шо хьалха Исламан Пачхьалкх шех олучу тобана байIат динчу шен тIеман накъосташка ойла хийцахьара аьлла дехар дина ГIебартойн тIемалойн куьйгалхо Шебзухов Залим, товбецан-баттахь хIинца а дуккха а хIуманаш къайлах дуьсучу Петарбухехь терроран дуьхьал дIахьочу операцехь кхелхира.

2015-чу шеран юьхьехь ДаIишан байIат динчу Къилбаседа Кавказерчу тIемалойн буьйранча санна билгалвоккхуш хилла даьргIо Аселдаров (Абу-МухIаммад) вийра леринчу операцехь ХIинжа-гIалана йистошкахь.

Хетарехь, ДаIишо Кавказан Имаратан меттиг дIалаьцна полисхошна а, кхерамзаллин структурийн гIуллакхдархошна тIелатарш дарехь а, гIаддайна а тIемалой дIебетталун тоба санна а. Цу тобано Дагестанехь 17 полисхо а, кхерамзаллин структурийн белхахо a вуьйш динчу 5 тIелатарна жоьпалла тIеэцна, цул совнаха, Соьлж-ГIалахь гIуран-беттан 17-18-чу дийнахь къона нохчашна а, полисхошна а, кхерамзаллин структурийн белхахошна а юкъахь хиллачу тIеман тIийсадаларшна а жоьпалла тIеэцна ДаIишо.

Даханчу шарахь Нохчийн Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхиндIа а шен критикашна ницкъбар сацонза дIадаьхира, зазадоккху бутт боьрзучу деношкахь Путина шега леррина “массо а дахаран сферехь” Оьрсийчоьнан низам лардан деза аьлла кхайкхам бинишшехь.

Нохчийчуьра суьлий беха Кенхи юьртарчу Джалаладинов Рамазан Путине оханан-баттахь меттигерчу Iедалхоша бахархошна Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь хIаллакьйинчу хIусамаш меттахIоттон догIу компенсацин ахчанаш шайга дIа ца кхочуьйту бохуш аьрзнаш деш кхайкхам бинчул тIаьхьа, шен доьзалца Дагестане вада вийзира, ткъа тIаьхьо лахьанан-баттахь ша волу меттиг цхьанна а ца хоуьйтуш къайлавелира Рамазан.

Журналист Гериев Джалауди гезгамашан-баттахь цуьнан Iуналлехь наркотикаш йолуш иза лаьцна аьлла харц бехке а вина, кхаъ шарна чувоьллира.

Ерриг Оьрсийчохь бехачу бусалбачийн коьрта векал санна Кадырован билгалвала сатийсам хиларо алсамбоху цунна резабоцурш Оьрсийчохь а, кхечу махкашкахь а.

Чиллан-баттахь Кадырова ГIалгIайчоьнан муфтин Цечоев Iисан агIо лецира, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнусбек цу муфтина реза воцушшехь. Кадырова, гоьбевлла ГIалгIайчуьра Iелам-нах Чумаков Хьамзат а, Цечоев Iиса а, вуьйр ву бохуш кхерамаш тийсира, цара Нохчийчохь динах хьехамаш бахь. ГIуран-беттан 13-чу дийнахь Iели-юьртахь ГIайлгIайчоьнан Iедало Цечоев вен гIорторан шеконехь волу Нохчийчуьра жима стаг лецира.

Соьлж-ГIалахь дIаяьхьанчу Дуьненаюкъарчу Исламан конгрессо деклараци тIеийцира суфийн шейхийн некъа тIехь берш бен бакъболу бусалбанаш бац аьлла, СаIудин Iарбойчохь лелаш йолу салафизм ‘кхераме а, галъяьлла а кхузаманахьлера сект ю,’ аьлла, сацам а тIе а ийцира цу конгрессехь.

Цу дIахьедаро оьгIазло кхоьллира гоьбевллачу Iарбойн диндайшлахь а, кхоьллира Нохчийчоьнан муфтина Межиев Салахь-Хьаджина а, Оьрсийчоьнан Бусулбачу нехан кхеташонан гIантдена Гайнутдин Равилана а юкъахь луьра полемик а. Лахьанан-баттахь Кадыров СаIудин Iарбойчу вахаран Iалашо формале кепара бехказвалар яра боху хаамийн гIирсаша дина дIахьедарш харцдира Межиева.

Лакхахь билгал ма даккхара, 2016-чу шарахь политикан хиламаш уггар лакхарчу тIегIане кхечира Дагестанехь. Оьрсийчоьнан харжамийн комиссин гIантдас Памфилова Аллас болабе аьлла омра динчу талламо балхах мукъаваьккхира 21 меттигера харжамийн комиссин белхахо а, шеконе диллира 88.86 процент наха ‘Цхьаьнатоьхначу Оьрсийчоьнна’ кхаж тасар а.

ХIинжа-гIалан муниципале Iедал гуьйранна нехаш гулъяран системехь хиллачу бохамца лар ца делира. Хиш а дистина, бохам хиллачул тIаьхьа, цу нехаша бехдина хиш мийлар бахьанехь эзарнийш нах цомгуш хилира. Цу хиламаша марсхьокху-баттахь 70 шо кхаьчча волу республикан куьйгалхо Абдулатипов Рамазан хуьйцур ву боху Дагестанехь хаддаза хеза хабарш тIечIагIдира.

Оьрсийчоьнан Президентан Къилбаседа Кавказехь векал Меликов Сергей Путина керла кхоьллинчу Къоман Гвардин хьалхара когаметта хIоттийра товбецан-беттан чакхенехь. Ала догIу, дуккхачарна моьттура иза Абдулатиповн метта хIоттон кечвеш вара, аьлла. Меликовн дарже хIоттийна вице адмирал хиллачу Белавенцев Олега, цкъачунна, хIара ду аьлла дина хIумма а дац.

Цхьаболчу бозушбоцчу хаамийн гIирсийн хьехамех пайда а эцна, салафизман агIончаша Дагестанерчу полицина духьал кхеле кехаташ чуделла, шаьш бехк-гуьнахь доцуш вон йуьйцучу профилактике тептаршна юкъатохарна. Церан цIераш цу тептаршна юкъатохар мел низамца догIуш ду хIинца а билгал хууш дац. Товбецан-баттахь Исламистийн тIемалоша вийначу къоначу Дагестанера полисхочунна Нурбагандов Магомедана гонаха турпалан култ кхоьллина меттигерчу Iедалша, ткъа цу юкъанна низамхой реза ца хилира марсхьокху-баттахь бажа бажош хилла Гасангусейноверан вежарий байъар талла. ТIаьхьо и вежарий тIемалой хилла аьлла дIахьедира Iедалша.

ГIалIгайчохь, республикан куьйгалхочо Евкуров Юнусбека лахьанан-баттахь министрийн кабинет дIаса а хецна, 40 шо долу юрист Гагиев Руслан хIоттийра Малцагов Абубакаран метта премьер министран дарже. Цхьаболчу хаамашца, Евкуров хIирийн Iедалхо Цакаров Вадим премьер министран когаметта хIоттийра, амма и хаам тIаьхо харцбира цо.

Марсхьокху-баттахь Налчик гIалахь Исламан халифат кхолла Iалашо яра, аьлла ДаIишан декъашхо лору 8 стаг бехке а вина, царна кхелъяр долийра. Цу 8-ма а шайна тIетоьттучу бехкана даре ца дира.

Кхарачой – Чергазийчохь Лаккхара Кхел реза ца хилира полицин Iуналлехь хиллачу стагана иза йиттина вийна аьлла, цхьана хенахь полисхо болхбина хилла Рахаев Руслан бехкевен вердикт тIеэца.

Масех баттахь бен болхбан ца кхиина Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Агузаров Тамерлан цIаьххьана кхелхира марсхьокху баттахь. Иза цу даржехь хийца Кремло хаьржира бизнесхо Битаров Вячеслав.

Владикавказан мэр болхбина хилла Джантиев Сергей дIалаца бакъо лун кехат делира низамхошна. Иза бехке лору коррупци лелорна.

ТIекхаьчначу 2017-чу шаро жоп лур ду аьлла ца хета муха политике кхане хир ю Абдулатиповн а, Евкуровн а, Адыгчоьнан куьйгалхочун Тхакушинов Асланан а бохучу хаттарна, амма, Нохчийчоь йоцург, кхечу массо а республикана федералан Iедало дотацеш хедоро шеко йоцуш чолхе ерзор ю меттигерчу куьйгалхошна хьалха лаьтта экономикан проблемаш.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG