ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьцна хилла виъ вер айдина дуьйцу Нохчийчохь


Нохчийчохь уггаре а баьржина лелачех хаам бу ши кIира хьалха тIематасадалашкахь 7 гIаттамхо а, 4 полисхо а леш, лаьцна дарбан цIийне виллина 4 стаг а вийна бохург.

18 що долу Шахбиева Мадина а, висина кхоъ а тIеман барзакъехь баьхкинчу наха герзаш диттина вийна аьлла даржийна могашаллин министраллерчу хьостано, хаамбо цхьамогIа газеташа.

Иза официалехь бакъ ца до Нохчийчоьнан администраторо Кадыровс а, цуьнан гоно а. Бакъдерг цкъачунна дуьззина Iорадалаза дуьсуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG