ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америкехь вен кхел ярна мораторий кхайкхийна федералан тIегIанехь


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн инарлин прокурор Гарланд Меррик
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн инарлин прокурор Гарланд Меррик

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Инарлин прокуроро Гарланд Меррика цхьана ханна дихкина (мораторий кхайкхийна) федералан тIегIанехь вен кхел ярна. Цунах лаьцна хаам "Карара хан" телеканало.

"Юстицин министралло кхачо ян еза бехктакхаман нийсонан кхел яран федералан системина кIел болчу нехан (тутмакхийн) Цхьаьнатоьхначу Шататийн Конституцино а, низамаша а луш йолу бакъонаш кхочуш йина ца Iаш, оцу нахаца нийсонца а, адамалла долуш а лелар", - аьлла ду Гарландан дIахьедарехь.

"И декхар къаьсттина ницкъ болуш ду, вен кхел йина болчу нахаца доьзначу гIуллакхашкахь", - тIетоьхна цо.

Шен кандидатура инарлин прокуроран даржехь тIечIагIйеш Сенатехь хиллачу ладогIаршкахь Гарланда дIахьедар динера, бехк боцу, нах кхел а еш, бойъуш хила мегаш хиларна шеко йолуш ву ша аьлла.

Президента Джо Байдена шен харжамийн кампани дIахьуш дош деллера, вен кхел ярна дуьхьал долчу низамна гIортор йийр ю ша аьлла.

Кхел еш адамаш дайар дIадаьккхинера Америкехь федералан тIегIантIехь 1972-чу шарахь, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лаккхарчу кхелан сацамца, иза цхьана адаман лаамца деш долу хIума ду аьлла. Амма 1988-чу шарахь и кхел яр цхьана декъана юха юкъадаьккхира.

Зорбан гIирсаша билгалдоккху хьалха хиллачу президентан Трамп Дональдан администраци Iедалехь йолчу тIаьххьарчу масех баттахь махкахь 13 стагана вен йина кхел кхочуш йина хилар.

Федералан тIегIанехь вен кхел йина стаг вер кхоуш цадинера 17 шарахь, 2020-чу шеран Товбеца бутт тIекхаьчча, кхайкхийна мараторий Трампа юхаяккхалц.

Малхбузен пачхьалкхашна юкъахь цхьа Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ бен яц стаг вен кхелаш еш ерг. Цу тайпа кхел яра дIадаьккхина ду ерриг а Европерчу пачхьалкхашкахь, цхьа Беларуси йиссалц. Цхьана 2020-чу шарахь оцу пачхьалкхехь вен кхел йина кхаа стагана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG