ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абхазера Латтанаш Доладохуш ю Оьрсийчоь


Абхазино, ша шех йозуш ца хилар дIакхайкхор къобалдинчу Оьрсийчоьно, мехаза шен дола даха долийна, оцу махкара уггар а тоьллачех долу латтанаш а, гIишлош а. Москохо йоккхуш йолу и гIулч, шаьш дозуш ца хилар къобалдарна дуьхьала, оьрсашна луш болу мах санна лерина абхазаша.


ХIокху тIаьхьарчу хенахь, Абхазин бахархой цхьа тамашийна юкъаметтигаш йолуш бу шен лулахочуьнца, Оьрсийчоьнца. Абхази йозуш ца хилар къобалдинчу Москохана, хIинца мах а ца луш, цу республикин курорташ йолу латтанаш дезаделла.

Маршо радионо дагадоуьйту, оьрсийн премьеро Путин Владимира даханчу шеран гуьйренан юьххьехь, Оьрсийчоьнан Ха Даран Сервисана а, Арахьарчу Гiуллакхийн Министраллина а, уггар а езачех йолу кхо объект Оьрсийчоьне дIаяларца боьзна барт Абхазица чIагIбе аьлла, тIедиллина хилар. Ткъа и гIишлош тIехь долу латта, премьеран хьесапехь, Абхази Гуьржийчоьнах кIелхьаръяьккхинчу Оьрсийчоьне дала дезаш ду 49 шаранна. Цул тIаьхьа и хан ях а еш, хIоара шарахь, цхьана кертах цхьа сом ахча а луш. И доцург а, оцу бертан цхьана декъо бахарехь, шайна луург оцу латта тIешь ян йиш йолу Оьрсийчоь. Оцу объекташкахь болу оьрсий, абхазахойн низамаш кхочушдарх мукъа баха безаш а бу.

Лулахой лулахой бу, амма шайн латтанаш цара кардерзорна реза бац абхазаш, цхьа мехкан куьйгалхо БагIапш Сергей воцург. Шен къам кхетон хьаьжна иза – Абхази йозуш ца хила хьожучу хенахь, Оьрсийчоьно доккха накъосталла дина. Цунна дIа хIунда ца луш ю, цунна езарг? - бохуш.

Абхазин къилбседехь а, къилбседа-малхбузехь а долу дозанаш билгадахар хьокъехь дийцарш дан, Зазадоккху беттан 28-чу дийнахь Оьрсийчу яхана ю Абхазера делегаци. Оханан беттан хьалхара де тIекхачале, оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министраллехь дIахьур ю, Оьрсийчоьнна а, Абхазина а юкъара дозанаш керлачу кепара нисдаран хьокъехь шолгIа кхеташо дIахьур ю, шина агIонан комиссино.
Гуьржийн Iедалийн хьесапехь, и дагадовларш а, берташ а, низаман бух болуш дац.

Малашхиа Шотас, Гуьржийчоьнан цхьаалла меттахIоттон Iалашонца, ханна кхоьллинчу, парламентан комиссин гIантдас элира Маршо радиога вистхуьлуш.

Малашхиа Шота: Дуьненаюкъарчу низамашца дуьстича, оккупанто-пачхьалкхо а, цуо кхоьллинчу режимо а дозанаш хийцаран хьокъехь, Гуьржийчоьнан пачхьалкхан дозанехь беш болу берташ, низамехь бац. Демократин процесс йолаелча и хаттар къастор ду. ЛортIехь хIума ма дац, оккупаци йинчу латта тIехь бехаш болчу нахе, кхин а сов халонаш лан еза бахар.

Абхази а, Къилб ХIирийчоь а, Оьрсийчоьно оккупаци йина, шен латтанаш ду бохучунна тIехь лаьтта Тбилиси.
XS
SM
MD
LG