ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеца цхьа а къинхетам боцийла гайтира Кремло


ХIирийчоь -- Исс шо кхаьчна Бесланехь школа закъалтна лаьцна а,Оьрсийчоьнан ницкъаша иза хIаллакйина а, 01Гез2011
ХIирийчоь -- Исс шо кхаьчна Бесланехь школа закъалтна лаьцна а,Оьрсийчоьнан ницкъаша иза хIаллакйина а, 01Гез2011

Оьрсийчохь юккъаралло тIеоьцуш дерггий, цо букътухуш дерггий хΙун ду ала даима а ду хала. Шайн цхьа тамашечу дог-ойланца еха иза – Iедало хьоьхучу кхетамца. Пачхьалкхана бохамаш тIехΙиттича, масала, теракт хилча, юккъаралла шена луучу агIор ловзайо Iедало. Халкъ, къурд а олий, уьстагIий санна, дист а ца хуьлуш Iа, кхин цкъа а ишштаниг хиллалц.... Иштта ойла хьоьгΙу Бесланехь хиллачу бохамо.




Бесланехь исс шо хьалха хилла теракт а, цуьнан тIаьхьалонаш а, таханлерчу Оьрсийчохь хьовха, дуьненахь а уггаре а къизачех лоруш ю. Цхьана сахьтехь лаьттинчу штурмехь 330 стаг вийра, дукхахдерш бераш а долуш.

Школе даьхкина бераш а, церан дай-наной а, хьехархой а закъалтана лецначул тIаьхьа нохчийн маситта журналистца со а ваханера цига.

Хуьлушдерг, ша вочу гIенахь санна, боккхачу бохаман юьххьехь лаьтташ гора. Иза ишшта хила а хилира. Мусаев Русланан, соьца хиллачу журналистан журналистан, кхечеран а санна, шеко яцара штурм хирг хиларх. Ишшта дагалоьцу цо.


Мусаев: «Цу дийнахь, дIадоьлхуш, вай цIера схьайогIуш танканаш а, эскар а дара. Штурм хир юйла кхеташ дара. ХIунда аьлча, хийцавелла веана паччахь вара, хьалха хилла Ельцин санна, тΙемалошца Путин дийцаршка вер воцийла хаьара. Дерриг дара хууш.

Хьалхарчу дийнахь Гуцериевс а, Аушевс а школера нах мелла а арабаьхнера. Кхин вукхара нах дIалур боцийла хууш даа. Схьагулбелла журналисташ, штурм тахана хуьлу, кхана хуьлу бохуш Ιара. Изза дуьйцура цигарчу бахархоша а. Боьлхуш бохура, «Альфа» ялийна.

Суна дага догIу, УАЗ-машен тΙеяхара цига. Цу чуьра ши-кхо стаг охьавоьссира. Кочахь цхьа тIоьрмигаш бара церан. Уьш кертал дехьа а кхийсина, шаьш адехьабевлира. Уьш декъий схьадан боьлху бохуш дуьйцура. Цу керта уьш бевлча, дIадоладелира дерриг. Уггаре а хьалха эккхар дира, герз диттира, тIаккха штурм а йолаелира».

Мусаев Русланан гIалгIайн ноьмарш йолчу машенахь, штурм йолаелла цхьа сахьт хан яьлча, Несара-гIала юхавахара со. Оцу сахьтехь, иза ца динехь, вайшинан кхоллам муха боьрзур бара хууш дац, боху Руслана.

Мусаев: «Ша Дела воцучуна ца хаьа, вайшиннах хΙун хир дара. Цигахь дерриг а чекхдер дарий те, шек ву со. ХIунда аьлча, террористашна дуьхьал тIом бан ца баьхьахь а, маьрша волчу, карахь герз доцчу стагана ма дой деш дерг. Ахь хIун болх бо а хоьттур дацара. Вада везийла хиира-кх суна цигара. Цхьа гIалгIа вен ма вийра цара цигахь. Бесланера цхьана хIирийчуьнгара чкъуьргаш оьцуш хиллера иза. Школехь хуьлучуьнга хьажа веана хиллера. Йиттина вийнера иза».

Бесланерчу терактехь дийна висина цхьа террорхо бен вац аьлла ду официалан хаамашкахь, амма оцу хенахь дуьйцуш дара, маситта стаг ву цигара кIелхьараваьлла бохуш. Мусаев Руслана дуьйцу цуьнах лаьцна шена дагадогIург.

Мусаев: « Бакъ дуй, даций ца хаьа, дийцарехь, цигахь Умаров Докка а, Басаев Шемал а, схьа а веана, хьожуш хилла бохуш дуьйцура. Цхьаберш дIабахана бохуш а дара. Вайна гинарг цхьа сурт дара. Хуург хир ду цхьа 50 шо даьлча, ФСБно шен архив йиллича.

Тахана оцу Бесланехь дайина бераш дагадаьхкича, дог доьлху сан, бIаьрг а боьлху. Шаьш бераш дойуш дуйла хаьара цига тIебаханчарна а. Зударий а ма хиллера царна юккъахь. Цу чохь бераш дуйла хуъушехь, оьрсийн эскар стагга а мукъаваккха ца дахнера. Путин чIогIа стаг ву, цо террористашца къамел ца до аьлла, цуьнан дош чекхдаккха баханера. Схьагойтуш дара, тIом бах мел ло, иза къиза хуьлий, де дийне мел долу, иза чIаглойла, цхьа а хIума бен ца хетийла».


Дайинчу берийн гергарнаш реза бац Бесланерчу терактехь оьрсаша баьккхинчу «талламна». Ерриге а Оьрсийчохь и де историн гIулчан юьхь лоруш елахь а, царна базбелла бала бу иза. Я исс шарахь лаьттачу хеттаршна жоп луш а дац Iедал...
XS
SM
MD
LG