ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хиллачунна дерриг нохчийн къам бехке дойла дац, боху Ιамеркахоша


Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ -- Бостонехь эккхийтар дина меттиг бархI де даьллачул тIпаьхьа, 23Оха2013
Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ -- Бостонехь эккхийтар дина меттиг бархI де даьллачул тIпаьхьа, 23Оха2013

Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка баьхкинчу а, кхочучу а нохчийн мухΙажиршна юридикан накъосталла латточу адвокатийн Нью-Йоркерчу хьукматан куьйгалхо ю юрист Роховански Альмут. Бостонерчу бохамна вежарий ЦарнаевгΙар куьг-бехке хила тарло аьлла даржаро боккха бала боссийна Ιамеркарчу массо а нохчашна тΙе, аьлла дийцира цо Маршо Радион корреспонденте Солаш Ричарде.




М.Р.: Бостонехь лелхийтарш динарш нохчий бу аьлла баьржина хаам муха тΙеэцна Ιамеркарчу нохчаша?

Роховански: «Хаамийн гΙирсаша дехарш дахкийтира, шайна нохчашца къамелаш дан лаьара аьлла. Бохамах лаьцна шайна ма хеззина, соьца зΙене елира мехкан малхбалехь еха кхо нохчийн зуда. Уьш Ιадийна бара, боьлхура-кх. Царна хала дара хилларг лан. Царел тΙаьхьа ас дуккха а нохчашца къамелаш дина – уьш массо а бу боьхна. Шаьш кхузахь кеп-кепара кхетам-ойла йолуш дуйла хаийла шуна, боху цара. Оьрсийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а санна, кхузахь шаьш дерраш а террорхой ду бохийла ца лаьа царна».

М.Р.: Хиллачуьнца доьзна шайна кхузахь репрессеш ярах-м ца кхоьру нохчий?

Роховански: «Юьхьанца дуьйна а олу цара, «со аравала (араяла) а ца хΙутту, суна суо кхерамзаллехь а ца хета. Нохчийчуьра тхо дуй хиича, гома хьоьжур бу тхоьга нах». Суна ца хета, уьш массо а шайна тΙелетарш дарна кхоьру аьлла, амма сингаттамехь-м бу уьш. «Нью-Йорк Таймсе» Бостонехь Ιийначу нохчийн лоьро Баиев Хьасана а даийтина кехат, ша оьгΙазвахана зуламхошна, уьш муьлш белахь а, ткъа уьш нохчий белахь, цара сийдойъу шен къоман, аьлла. Ιамеркахошна нохчий хаза лаьа, амма нохчашна ца хаьа, шаьш хΙун дийца деза цаьрга».


М.Р.: Вайна хΙинца хиина кхузахь нохчийн диаспора а юйла. Мел бу уьш, маца баьхкина?

Роховански: «Хууш дац, аьтто бац официалехь иза хаа. Иммигрантийн тептарш тΙехь уьш массо а бац нохчий бу аьлла язбина. Иштта дΙа аьлча,1000 гергга бу пачхьалкхехь. ТΙаьххьарчу 25 шарахь уьш баьхкинийла а хаьа вайна. ТΙех даккхий а ца хуьлу кхуза кхочучу дакъойн терахьаш. Наггахь бен ца хуьлу, кхуза а веъна, бухасаца лерина нохчо. Цу тΙе, кхузахь хала луш а ду оцу нахана мухΙажиралла. Берш, доккхачу декъанна, 1990-чу а, шолгΙачу эзар шерийн юьххьехь а баьхкинарш бу, цу хена атта дара бухасовца. ХΙинца деза тоьшаллаш деза цаьргара, уьш децΙахь хьийзош хилар гайта».


М.Р.: Ιамеркахошца эр, интеграци муха дΙайоьду церан?

Роховански: «Шина кепехь, аьттехьа дΙацаийнарш а бу, ийнарш а бу. Уьш тайп-тапана, кеп-кепара кхетам болуш нах бу, бахкар а ду хенашца къаьсташ. Масала, ши Царнаев а ма хилла вовшех дуккха а къаьсташ, кхетамца а, амалца а. Ишттаниг мухΙажирийн массо а диаспоршкахь тергалдойла ду».

М.Р.: Шун адвокатийн тоба хΙумма а дан лерина юй шайна зе хиларна кхоьру нохчий синтеме балош?

Роховански: «Оха Facebook агΙо cхьайиллина нохчий а, Ιамеркахой а вовшех дагабовлийта. "Нью-Йорк Таймсо" дийцира ишттачу боламах лаьцна, интернетехула вовшашца дагабовлучу нехан тоба 80 стаге хьалаюьзина, аьлла. Ιамеркахоша яздо нохчашка, «вай массо а Ιамеркахой ду, тхо шуна накъосталлехь ду, ма кхера, тхуна шу ган лаьа, оха декъалдо шу тхан махкахь», бохуш. ХΙора а нохчочо санна емал до Бостонехь зулам дар, зуламхой а емал бо. Ас а яздо Фейсбукехь, хьовсал шу, нохчий, шуьца ма яц Ιамеркахойн гамо, бохуш. Нохчий вуно реза бу ишттачу хьажамна. ...Сайна хетарг эр ду ас, и ши кΙант хΙара ю аьлла кхин зΙе йолуш хилла а ма вац Нохчийчоьнца. Нохчийчоь бехказа йохуш къамелаш дан хьашт ду аьлла а ца хета суна цундела».
XS
SM
MD
LG